Hadith Representative
Rasulullah jika datang ke rumah seseorang, beliau memberi salam tiga kali, lalu pergi bila tidak dijawab
Imam Abu Dawud : 4510حَدَّثَنَا مُسَدَّدٌ حَدَّثَنَا عَبْدُ اللَّهِ بْنُ دَاوُدَ عَنْ طَلْحَةَ بْنِ يَحْيَى عَنْ أَبِي بُرْدَةَ عَنْ أَبِي مُوسَىأَنَّهُ أَتَى عُمَرَ فَاسْتَأْذَنَ ثَلَاثًا فَقَالَ يَسْتَأْذِنُ أَبُو مُوسَى يَسْتَأْذِنُ الْأَشْعَرِيُّ يَسْتَأْذِنُ عَبْدُ اللَّهِ بْنُ قَيْسٍ فَلَمْ يُؤْذَنْ لَهُ فَرَجَعَ فَبَعَثَ إِلَيْهِ عُمَرُ مَا رَدَّكَ قَالَ قَالَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يَسْتَأْذِنُ أَحَدُكُمْ ثَلَاثًا فَإِنْ أُذِنَ لَهُ وَإِلَّا فَلْيَرْجِعْ قَالَ ائْتِنِي بِبَيِّنَةٍ عَلَى هَذَا فَذَهَبَ ثُمَّ رَجَعَ فَقَالَ هَذَا أُبَيٌّ فَقَالَ أُبَيٌّ يَا عُمَرُ لَا تَكُنْ عَذَابًا عَلَى أَصْحَابِ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَقَالَ عُمَرُ لَا أَكُونُ عَذَابًا عَلَى أَصْحَابِ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَحَدَّثَنَا يَحْيَى بْنُ حَبِيبٍ حَدَّثَنَا رَوْحٌ حَدَّثَنَا ابْنُ جُرَيْجٍ قَالَ أَخْبَرَنِي عَطَاءٌ عَنْ عُبَيْدِ بْنِ عُمَيْرٍ أَنَّ أَبَا مُوسَى اسْتَأْذَنَ عَلَى عُمَرَ بِهَذِهِ الْقِصَّةِ قَالَ فِيهِ فَانْطَلَقَ بِأَبِي سَعِيدٍ فَشَهِدَ لَهُ فَقَالَ أَخَفِيَ عَلَيَّ هَذَا مِنْ أَمْرِ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ أَلْهَانِي السَّفْقُ بِالْأَسْوَاقِ وَلَكِنْ سَلِّمْ مَا شِئْتَ وَلَا تَسْتَأْذِنْ حَدَّثَنَا زَيْدُ بْنُ أَخْزَمَ حَدَّثَنَا عَبْدُ الْقَاهِرِ بْنُ شُعَيْبٍ حَدَّثَنَا هِشَامٌ عَنْ حُمَيْدِ بْنِ هِلَالٍ عَنْ أَبِي بُرْدَةَ بْنِ أَبِي مُوسَى عَنْ أَبِيهِ بِهَذِهِ الْقِصَّةِ قَالَ فَقَالَ عُمَرُ لِأَبِي مُوسَى إِنِّي لَمْ أَتَّهِمْكَ وَلَكِنَّ الْحَدِيثَ عَنْ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ شَدِيدٌ حَدَّثَنَا عَبْدُ اللَّهِ بْنُ مَسْلَمَةَ عَنْ مَالِكٍ عَنْ رَبِيعَةَ بْنِ أَبِي عَبْدِ الرَّحْمَنِ وَعَنْ غَيْرِ وَاحِدٍ مَنْ عُلَمَائِهِمْ فِي هَذَا فَقَالَ عُمَرُ لِأَبِي مُوسَى أَمَا إِنِّي لَمْ أَتَّهِمْكَ وَلَكِنْ خَشِيتُ أَنْ يَتَقَوَّلَ النَّاسُ عَلَى رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ
Дийцина тхуна [Мусаддада] аьлла, дийцина тхуна [ӀабдуллахӀ бин Дауд] тӀера [Талхьах бин Яхья] тӀера [Абу Бурдатера] [Абу Муса] тӀера, ша цкъа Ӏумар волчу а вахана, кхузза цуьнгара пурба дехна хилар. Цо аьлла: «Абу Мусас пурба дехна, Аль АсиӀарис пурба дехна, ӀабдуллахӀ бин Къайса пурба дехна!». амма цӀа веъча бен пурба ца делира цунна. Ӏумара тӀаккха цхьаъ вахийтира шега кхайкха, Ӏумара хаьттира: «Хьо цӀа веанарг хӀун ду?» Абу Мусас жоп делира: «АллахӀан Элчано саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам аьлла: «Шух цхьаммо кхузза пурба деха -чувала, нагахь санна бакъо елахь, чувала, нагахь санна ца хилча, юхаверза». Ӏумара элира: «Цхьа тоьшалла даладехьа суна оцу гӀуллакхехь». Абу Муса тӀаккха дӀавахара, тӀаккха Ӏумар волчу юха а веана, элира цо: «ХӀара ву Убай». ТӀаккха [Убайс] элира: «ХӀай Ӏумар, Делан Элчанан асхьабашна тӀехь дукъ ма хила хьо саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам!». Ӏумара жоп делира: «Со Пайхамаран асхьабашна тӀехь дукъ дац, саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам». Дийцина тхуна [Яхья бин Хьабиба] аьлла, дийцина тхуна [Раух] аьлла, дийцина тхуна [Ибн Джурайжа] цо аьлла; дийцина соьга [Атхьа`] [Убайд бин Умаирера], Абу Мусас цкъа Ӏумаре пурба дехна...цундела цо дийцира изза дийцар. Хьадисехь цо билгалдоккху: «Абу Муса цул тӀаьхьа [Абу СаӀидца] теш хила вахара. ТӀаккха Ӏумара элира: «АллахӀан Элчанера саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам схьадеана хӀара гӀуллакх суна къайладаьлла дуй? Баккъалла а, базарахь эцар-дохкар дицдина суна. Цундела хьайга кхаччалц салам ала, пурба ма деха'. Дийцина тхуна [Зайд бин Ахьзама] аьлла, дийцина тхуна [Ӏабдул КъахӀир бин СюӀайба] аьлла, дийцина тхуна [Хьишам] [Хьумайд бин ХӀилал] [Абу Бурда бин Абу Муса] [шен ден] изза дийцарца. Цо - дийцархочо - аьлла: «Ӏумара тӀаккха Абу Мусага элира: «Ас хьо бехке ца во, еккъа цхьана оцу хьадисах лаьцна Пайхамар саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам чӀогӀа луьра хилла хилар ду - нийса аьлча, иза дийцарехь, хьадис харцдар ца хилийта -». Иза вайга дийцина ӀабдуллахӀ бин Маслама Маликера РабиӀат бин Абу Ӏабдуррахьманера церан дуккха а Ӏелам нахера, оцу гӀуллакхехь Ӏумара аьлла Абу Мусага: «Ас хьо бехке ца во, иза еккъа цхьа сагатдар ду, РасулуллахӀуЛлахӀ саллаллахӀ вас цӀарца къамел деш дуккха а нах хир бу аьлла».