Принять ислам, нажмите здесь
ISLAM AL-HAQ: QURAN & HADITH
(The True Islam)



Imam Ahmad : 11787

حَدَّثَنَا يَزِيدُ بْنُ هَارُونَ أَخْبَرَنَا حَمَّادُ بْنُ سَلَمَةَ عَنْ ثَابِتٍ الْبُنَانِيِّ عَنْ أَنَسٍ قَالَ لَمَّا هَاجَرَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ كَانَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يَرْكَبُ وَأَبُو بَكْرٍ رَدِيفُهُ وَكَانَ أَبُو بَكْرٍ يُعْرَفُ فِي الطَّرِيقِ لِاخْتِلَافِهِ إِلَى الشَّامِ وَكَانَ يَمُرُّ بِالْقَوْمِ فَيَقُولُونَ مَنْ هَذَا بَيْنَ يَدَيْكَ يَا أَبَا بَكْرٍ فَيَقُولُ هَادٍ يَهْدِينِي فَلَمَّا دَنَوْا مِنْ الْمَدِينَةِ بَعَثَ إِلَى الْقَوْمِ الَّذِينَ أَسْلَمُوا مِنْ الْأَنْصَارِ إِلَى أَبِي أُمَامَةَ وَأَصْحَابِهِ فَخَرَجُوا إِلَيْهِمَا فَقَالُوا ادْخُلَا آمِنَيْنِ مُطَاعَيْنِ فَدَخَلَا قَالَ أَنَسٌ فَمَا رَأَيْتُ يَوْمًا قَطُّ أَنْوَرَ وَلَا أَحْسَنَ مِنْ يَوْمِ دَخَلَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَأَبُو بَكْرٍ الْمَدِينَةَ وَشَهِدْتُ وَفَاتَهُ فَمَا رَأَيْتُ يَوْمًا قَطُّ أَظْلَمَ وَلَا أَقْبَحَ مِنْ الْيَوْمِ الَّذِي تُوُفِّيَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فِيهِ

Дийцина тхуна [Язид бин ХӀаруна] аьлла, дийцина тхуна [Хьаммад бин Салама] [Сабит Аль Бунани] [Анас] тӀера цо аьлла; «Иза Мадинате хӀижрат деш волуш, РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам машен лелош вара, Абу-Бакр тӀехьара цунна тӀаьхьа а волуш. Абу-Бакр новкъахь дика вевзаш вара, хӀунда аьлча иза кест-кеста Шема воьдуш вара, цундела цхьана халкъана тӀехваьлча цара олура; — ХӀай Абу-Бакр, хьан уллохь волу и стаг мила ву? Абу-Бакра жоп делира; — Иза сан новкъахо ву. Цундела ша Мединат гӀалина герга кхаьчча цо ансарех муъма нах бахийтира Абу Умаматна а, цуьнан накъосташна а дуьхьал, тӀаккха уьш арабевлира цуьнга шинне а салам дала. Цара элира; «Шуьшиъ маьрша чугӀо, шуна муьтӀахь хир ду», - аьлла, чувелира и шиъ». Анас элира; — РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам а, Абу-Бакр а Мадинат гӀала чу ваханчу дийнал сирла а, хаза а де ца гина суна. Ткъа РасулуллахӀ дӀакхалхар суна гича, РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам дӀакхелхинчу дийнал гӀайгӀане а, тийна а де ца гина суна!'