Принять ислам, нажмите здесь
ISLAM AL-HAQ: QURAN & HADITH
(The True Islam)



- Nabi Muhammad Sallallahu Alaihi Wasallam Sahabat Nabi Abu Sufyan meminta tiga permintaan kepada Rasulullah
Hadith Search Results :
Total Hadith : 1
Hadith Representative
Abu Sufyan meminta tiga permintaan kepada Rasulullah
Imam Muslim : 4557

حَدَّثَنِي عَبَّاسُ بْنُ عَبْدِ الْعَظِيمِ الْعَنْبَرِيُّ وَأَحْمَدُ بْنُ جَعْفَرٍ الْمَعْقِرِيُّ قَالَا حَدَّثَنَا النَّضْرُ وَهُوَ ابْنُ مُحَمَّدٍ الْيَمَامِيُّ حَدَّثَنَا عِكْرِمَةُ حَدَّثَنَا أَبُو زُمَيْلٍ حَدَّثَنِي ابْنُ عَبَّاسٍ قَالَ كَانَ الْمُسْلِمُونَ لَا يَنْظُرُونَ إِلَى أَبِي سُفْيَانَ وَلَا يُقَاعِدُونَهُ فَقَالَ لِلنَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يَا نَبِيَّ اللَّهِ ثَلَاثٌ أَعْطِنِيهِنَّ قَالَ نَعَمْ قَالَ عِنْدِي أَحْسَنُ الْعَرَبِ وَأَجْمَلُهُ أُمُّ حَبِيبَةَ بِنْتُ أَبِي سُفْيَانَ أُزَوِّجُكَهَا قَالَ نَعَمْ قَالَ وَمُعَاوِيَةُ تَجْعَلُهُ كَاتِبًا بَيْنَ يَدَيْكَ قَالَ نَعَمْ قَالَ وَتُؤَمِّرُنِي حَتَّى أُقَاتِلَ الْكُفَّارَ كَمَا كُنْتُ أُقَاتِلُ الْمُسْلِمِينَ قَالَ نَعَمْ قَالَ أَبُو زُمَيْلٍ وَلَوْلَا أَنَّهُ طَلَبَ ذَلِكَ مِنْ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ مَا أَعْطَاهُ ذَلِكَ لِأَنَّهُ لَمْ يَكُنْ يُسْأَلُ شَيْئًا إِلَّا قَالَ نَعَمْ

Соьга дийцина, [Ӏаббас бин Ӏабдул-Адхьим Аль-Анбарис] а, [Ахьмад бин ДжаӀфар Аль-Макъирис] а шиммо а аьлла; Дийцина вайга [Ан Надр] вуьшта аьлча Ибн Мухьаммад Ал Ямами Дийцина вайга [Икримата] Дийцина вайга [Абу Зумаил] Дийцина соьга [Ибн Ӏаббасе] цо элира; — Хьалха бусалба наха Абу Суфьянна хьакъ долу дарж ца лора, цуьнан сий ца дора. Цундела цхьана дийнахь цо -Абу Суфьяна- элира РасулуллахӀе саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам; — ХӀай Делан Элча, кхо лаам кхочушбехьа суна! РасулуллахӀа жоп делира: «ХӀаъ». Абу Суфьяна кхидӀа а шен къамел дӀадаьхьира; — Цкъа делахь, Ӏаьрбийн махкахь уггаре а дика а, хаза а йоӀ ю сан, иза Умм Хьабиба ю. Суна лаьа иза хьуна маре яхийта'. РасулуллахӀа жоп делира: «ХӀаъ». — ШолгӀа делахь, кхидӀа а элира Абу-Суфяна; «Со тешна ву, ахь Муавия бин Абу Суфьян хьайн яздархо хилийтаре, даима хьайца цхьаьна волу». РасулуллахӀа жоп делира: «ХӀаъ». Абу Суфьяна шен дехар чекхдаьккхира; — КхоалгӀа делахь, ахь со тӀеман аренгахь кафиршца тӀом бан тӀедиллина хиларе сатуьйсу ас, хьалха санна – бусалба дин тӀеэцале – ас бусалбанашца тӀом бина». Пайхамара жоп делира: «ХӀаъ». Абу Зумаила аьлла; — Абу Суфьяна РасулуллахӀе и хӀума ца дехнехьара, тӀаккха РасулуллахӀ шеко йоцуш лур дацара иза. ХӀунда аьлча, дерриге а дича а, цхьана хӀуманах лаьцна шега хаьттича, Пайхамара цкъа а «хӀаъ» доцург кхин жоп ца делира».

Hadith Corroboration :