Hadith Representative
Allah mencintai orang yang mencintai karena-nya
Imam Muslim : 4656حَدَّثَنِي عَبْدُ الْأَعْلَى بْنُ حَمَّادٍ حَدَّثَنَا حَمَّادُ بْنُ سَلَمَةَ عَنْ ثَابِتٍ عَنْ أَبِي رَافِعٍ عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَ عَنْ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ أَنَّ رَجُلًا زَارَ أَخًا لَهُ فِي قَرْيَةٍ أُخْرَى فَأَرْصَدَ اللَّهُ لَهُ عَلَى مَدْرَجَتِهِ مَلَكًا فَلَمَّا أَتَى عَلَيْهِ قَالَ أَيْنَ تُرِيدُ قَالَ أُرِيدُ أَخًا لِي فِي هَذِهِ الْقَرْيَةِ قَالَ هَلْ لَكَ عَلَيْهِ مِنْ نِعْمَةٍ تَرُبُّهَا قَالَ لَا غَيْرَ أَنِّي أَحْبَبْتُهُ فِي اللَّهِ عَزَّ وَجَلَّ قَالَ فَإِنِّي رَسُولُ اللَّهِ إِلَيْكَ بِأَنَّ اللَّهَ قَدْ أَحَبَّكَ كَمَا أَحْبَبْتَهُ فِيهِ قَالَ الشَّيْخُ أَبُو أَحْمَدَ أَخْبَرَنِي أَبُو بَكْرٍ مُحَمَّدُ بْنُ زَنْجُويَةَ الْقُشَيْرِيُّ حَدَّثَنَا عَبْدُ الْأَعْلَى بْنُ حَمَّادٍ حَدَّثَنَا حَمَّادُ بْنُ سَلَمَةَ بِهَذَا الْإِسْنَادِ نَحْوَهُ
Дийцина соьга [Ӏабдул Ӏалаа бин Хьаммад]; Цо вайга [Хьаммад бин Саламата] [Цабит] тӀера [Абу РафиӀ] тӀера [Абу ХӀурайрат] тӀера Пайхамарера саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам дийцина: «Цкъа цхьа стаг хилла, кхечу юьртахь шен вешина хьошалгӀа а вахана. ТӀаккха АллахӀа малик даийтина цу стагана дуьхьал. И стаг ша воьдучу юьрта воьдучу новкъа юккъе кхаьчча, малико хаьттина; — Хьо мича воьду? — Стага жоп делира; — Кхечу юьртахь волчу вешина хьошалгӀа воьду со. Малико кхидӀа а хоьттура цуьнга; — Пайдехьа хӀума дуй хьан цунах дан? — Стага жоп делира; — ХӀан-хӀа, суна иза АллахӀ Азза ва Джалла бахьанехь бен ца веза. Эххар а малико элира; «Бакъдолуш, со элча малик ду, хьуна АллахӀ бахьанехь хьайн ваша везаре терра, АллахӀана хьо даима везар ву ала даийтина». Саид Шайх Абу Ахьмад; Абу-Бакр Мухьаммад бин Занджуйа Аль-Кусяйрис хаам бина суна; Вайга дийцина Ӏабдул Ӏалаа бин Хьаммада; Цу некъаца дийцина вайна Хьаммад бин Саламата, цунах тера хьадис а долуш.