Imam Ahmad : 17870
حَدَّثَنَا أَسْوَدُ بْنُ عَامِرٍ وَأَبُو أَحْمَدَ قَالَا حَدَّثَنَا إِسْرَائِيلُ عَن أَبِي إِسْحَاقَ عَن الْبَرَاءِ قَالَ كَانَ أَصْحَابُ مُحَمَّدٍ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ إِذَا كَانَ الرَّجُلُ صَائِمًا فَحَضَرَ الْإِفْطَارُ فَنَامَ قَبْلَ أَنْ يُفْطِرَ لَمْ يَأْكُلْ لَيْلَتَهُ وَلَا يَوْمَهُ حَتَّى يُمْسِيَ وَإِنَّ فُلَانًا الْأَنْصَارِيَّ كَانَ صَائِمًا فَلَمَّا حَضَرَهُ الْإِفْطَارُ أَتَى امْرَأَتَهُ فَقَالَ هَلْ عِنْدَكِ مِنْ طَعَامٍ قَالَتْ لَا وَلَكِنْ أَنْطَلِقُ فَأَطْلُبُ لَكَ فَغَلَبَتْهُ عَيْنُهُ وَجَاءَتْ امْرَأَتُهُ فَلَمَّا رَأَتْهُ قَالَتْ خَيْبَةٌ لَكَ فَأَصْبَحَ فَلَمَّا انْتَصَفَ النَّهَارُ غُشِيَ عَلَيْهِ فَذُكِرَ ذَلِكَ لِلنَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَنَزَلَتْ هَذِهِ الْآيَةُ { أُحِلَّ لَكُمْ لَيْلَةَ الصِّيَامِ الرَّفَثُ إِلَى نِسَائِكُمْ إِلَى قَوْلِهِ حَتَّى يَتَبَيَّنَ لَكُمْ الْخَيْطُ الْأَبْيَضُ مِنْ الْخَيْطِ الْأَسْوَدِ } قَالَ أَبُو أَحْمَدَ وَإِنَّ قَيْسَ بْنَ صِرْمَةَ الْأَنْصَارِيَّ جَاءَ فَنَامَ فَذَكَرَهُ حَدَّثَنَا أَحْمَدُ بْنُ عَبْدِ الْمَلِكِ قَالَ حَدَّثَنَا زُهَيْرٌ حَدَّثَنَا أَبُو إِسْحَاقَ عَن الْبَرَاءِ بْنِ عَازِبٍ أَنَّ أَحَدَهُمْ كَانَ إِذَا نَامَ فَذَكَرَ نَحْوًا مِنْ حَدِيثِ إِسْرَائِيلَ إِلَّا أَنَّهُ قَالَ نَزَلَتْ فِي أَبِي قَيْسِ بْنِ عَمْرٍو
Дийцина тхуна [Асвад бин Ӏамира] а, [Абу Ахьмада] а шиммо а аьлла: Дийцина тхуна [Исраил] [Абу Исхьакъ] тӀера [Ал-БараӀ] цо элира; Хьалха Мухьаммадан асхьабаш саллаллохӀу ӀалайхӀи васаллам, нагахь цхьаъ марха кхобуш хилча, тӀаккха марха доха хан тӀекхаьчнехь, марха достале дӀавижнехь, тӀаккха буьйсанна а, я дийнахь а юха хӀума ца юуш хилла цо, суьйре хиллалц. Ткъа баккъалла а цхьа ансар хилла марха кхобуш, ифтар дан хан тӀекхаьчча, шен зудчунна тӀе а веана, хаьттина цо: «Юург юй хьан?». Цуьнан зудчо жоп делира: «ХӀан-хӀа, амма со дӀа а йоьдуш, хьуна юург схьаоьцур ю». ТӀаккха шен зуда схьаяллалц наб кхетта цунна, ткъа зудчо иза гича, цо элира: «Ма декъаза ву хьо». Ӏуьйранна чувелира иза. Ткъа малх нийсса коьрта тӀехула хилча, кхетамчуьра ваьлла охьавоьжна иза. Цундела хӀара хаам бина АллахӀан Элчане саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам, тӀаккха хӀара аят доьссина: «Мархийн беттан буса шуна мегаш ду шайн зударшца ийна лелар». -КъС. Албакъара 187-'. Цуьнан дешнаш кхаччалц, «Ӏаьржачу ниткъах кӀайн ниткъах хьуна къастадаллалц». Абу Ахьмада аьлла; И Къайс бин Ширмах Аль Ансари веана наб кхетта, тӀаккха цо иза хьахийна, Дийцина тхуна [Ахьмад бин Ӏабдул Малик] цо аьлла, Дийцина тхуна [Зухьайра] Дийцина тхуна [Абу Исхьакъ] [Аль-БараӀ бин Ӏазибера], нагахь санна царех цхьаъ наб кхетта велахь. ТӀаккха цо хьахийра Исраилан хьадис санна долу хӀума, цо бен ца элира; ХӀара аят доссийна Абу Къайс бин Ӏамрах лаьцна.