Imam Ahmad : 10301
حَدَّثَنَا عُثْمَانُ بْنُ عُمَرَ أَخْبَرَنَا يُونُسُ عَنِ الزُّهْرِيِّ عَنْ أَبِي سَلَمَةَ عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَ قَالَ أُقِيمَتْ الصَّلَاةُ وَعُدِّلَتْ الصُّفُوفُ قِيَامًا فَخَرَجَ إِلَيْنَا رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَلَمَّا قَامَ فِي مُصَلَّاهُ ذَكَرَ أَنَّهُ جُنُبٌ فَقَالَ لَنَا مَكَانَكُمْ ثُمَّ رَجَعَ فَاغْتَسَلَ ثُمَّ خَرَجَ إِلَيْنَا وَرَأْسُهُ يَقْطُرُ فَكَبَّرَ فَصَلَّيْنَا مَعَهُ
Тхоьга [Ӏусман бин Ӏумарна] дийцича, цо элира; тхуна [Юнуса] [Аз Зухри] тӀера [Абу Саламат] [Абу ХӀурайра] тӀера хаам бина, цо элира; «Икъамат дешна а, ламазан могӀа а нисбина а бара, РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам тӀаккха тхуна тӀе аравелира, ламаз дечу меттехь лаьтташехь ша джунубехь хилар дагадеара цунна, цундела цо элира тхоьга; — Хьо волчохь Ӏен веза хьо. тӀакх цӀа а вахана лийча юха аравелира коьртара хи охьадоьжна, цо тӀаккха такбир дира оха цуьнца ламаз дира'.