Принять ислам, нажмите здесь
ISLAM AL-HAQ: QURAN & HADITH
(The True Islam)



Al Jabbar

Imam Tirmidzi : 3232

حَدَّثَنَا عَلِيُّ بْنُ حُجْرٍ أَخْبَرَنَا عَبْدُ اللَّهِ بْنُ جَعْفَرٍ حَدَّثَنِي ثَوْرُ بْنُ زَيْدٍ الدِّيْلِيُّ عَنْ أَبِي الْغَيْثِ عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَ قَالَكُنَّا عِنْدَ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ حِينَ أُنْزِلَتْ سُورَةُ الْجُمُعَةِ فَتَلَاهَا فَلَمَّا بَلَغَ{ وَآخَرِينَ مِنْهُمْ لَمَّا يَلْحَقُوا بِهِمْ }قَالَ لَهُ رَجُلٌ يَا رَسُولَ اللَّهِ مَنْ هَؤُلَاءِ الَّذِينَ لَمْ يَلْحَقُوا بِنَا فَلَمْ يُكَلِّمْهُ قَالَ وَسَلْمَانُ الْفَارِسِيُّ فِينَا قَالَ فَوَضَعَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ عَلَى سَلْمَانَ يَدَهُ فَقَالَ وَالَّذِي نَفْسِي بِيَدِهِ لَوْ كَانَ الْإِيمَانُ بِالثُّرَيَّا لَتَنَاوَلَهُ رِجَالٌ مِنْ هَؤُلَاءِثَوْرُ بْنُ زَيْدٍ مَدَنِيٌّ وَثَوْرُ بْنُ يَزِيدَ شَامِيٌّ وَأَبُو الْغَيْثِ اسْمُهُ سَالِمٌ مَوْلَى عَبْدِ اللَّهِ بْنِ مُطِيعٍ مَدَنِيٌّ ثِقَةٌ قَالَ أَبُو عِيسَى هَذَا حَدِيثٌ غَرِيبٌ وَعَبْدُ اللَّهِ بْنُ جَعْفَرٍ هُوَ وَالِدُ عَلِيِّ بْنِ الْمَدِينِيِّ ضَعَّفَهُ يَحْيَى بْنُ مَعِينٍ وَقَدْ رُوِيَ هَذَا الْحَدِيثُ عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَ عَنْ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ مِنْ غَيْرِ هَذَا الْوَجْهِ

Дийцина тхуна [Ӏали бин Хьужра] дийцина тхуна [ӀабдуллахӀ бин ДжаӀфара] дийцина соьга [Цаур бин Заид Ад Дили] [Абу Аль ГӀайтс] [Абу ХӀурайра] тӀера, цо элира; Пайхамаран саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам уллехь дара тхо, сурат «Ал ДжумуӀат» доссийначу хенахь, тӀаккха цо иза дешна. Иза дешнашна тӀе кхаьчча: «Ткъа -иштта- кхечу нахана цаьрца гергарло доцчу нахах». Ткъа Иза нуьцкъала а, хьекъале а ву». -КъС. Алжума 3-, Цхьана стага аьлла; ХӀай АллахӀан Элча, вайца гергарло доцуш берш муьлш бу? ТӀаккха Салман Аль Фариси тхоьца волуш жоп ца делира цо. Абу ХӀурайрас аьлла; ТӀаккха РасулуллахӀ шаллоллахӀу ӀалайхӀи васаллама Салманна тӀе куьг а диллина, элира: «Сан са Шен карахь долчуьнца дуй буу ас, нагахь санна иман седарчийн гуламехь хиллехь, иза шеко йоцуш наха схьаоьцур дара». Царна юкъахь ву Цаур бин Заид Мадани а, Цаур бин Язид Сями а, Абу Аль ГӀайтс а, цуьнан цӀе Салим ю, ӀабдуллахӀ бин Мутхьий Маданин лай хилла волу, цикъаъ стаг хилла волу. Абу Ӏийсас элира; ХӀара хьадис гӀариб хьадис ду, ткъа ӀабдуллахӀ бин ДжаӀфар Ӏали бин Аль Мадинин да ву, иза дийцинарг Яхья бин МаӀин ву. Ткъа хӀара хьадис Абу ХӀурайрас дийцина ду, хӀокху агӀор воцчу Пайхамарера саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам волчуьра.

Hadith Corroboration :

Imam Ahmad : 1347, 1478, 1525, 1908, 1992, 2168, 3452, 9301, 20365, 20520
Imam Bukhari : 3100, 3191, 6876
Imam Muslim : 259, 301, 4862
Imam Abu Dawud : 4518
Imam Tirmidzi : 2347, 3231, 3232, 3357
Imam Nasa'i : 1000
Imam Ibnu Majah : 1340