Imam Tirmidzi : 1114
حَدَّثَنَا أَحْمَدُ بْنُ مَنِيعٍ حَدَّثَنَا حُسَيْنُ بْنُ مُحَمَّدٍ حَدَّثَنَا شَيْبَانُ عَنْ مَنْصُورٍ عَنْ إِبْرَاهِيمَ عَنْ الْأَسْوَدِ عَنْ أَبِي السَّنَابِلِ بْنِ بَعْكَكٍ قَالَوَضَعَتْ سُبَيْعَةُ بَعْدَ وَفَاةِ زَوْجِهَا بِثَلَاثَةٍ وَعِشْرِينَ أَوْ خَمْسَةٍ وَعِشْرِينَ يَوْمًا فَلَمَّا تَعَلَّتْ تَشَوَّفَتْ لِلنِّكَاحِ فَأُنْكِرَ عَلَيْهَا فَذُكِرَ ذَلِكَ لِلنَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَقَالَ إِنْ تَفْعَلْ فَقَدْ حَلَّ أَجَلُهَاحَدَّثَنَا أَحْمَدُ بْنُ مَنِيعٍ حَدَّثَنَا الْحَسَنُ بْنُ مُوسَى حَدَّثَنَا شَيْبَانُ عَنْ مَنْصُورٍ نَحْوَهُ و قَالَ وَفِي الْبَاب عَنْ أُمِّ سَلَمَةَ قَالَ أَبُو عِيسَى حَدِيثُ أَبِي السَّنَابِلِ حَدِيثٌ مَشْهُورٌ غَرِيبٌ مِنْ هَذَا الْوَجْهِ وَلَا نَعْرِفُ لِلْأَسْوَدِ سَمَاعًا مِنْ أَبِي السَّنَابِلِ و سَمِعْت مُحَمَّدًا يَقُولُ لَا أَعْرِفُ أَنَّ أَبَا السَّنَابِلِ عَاشَ بَعْدَ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَالْعَمَلُ عَلَى هَذَا الْحَدِيثِ عِنْدَ أَكْثَرِ أَهْلِ الْعِلْمِ مِنْ أَصْحَابِ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَغَيْرِهِمْ أَنَّ الْحَامِلَ الْمُتَوَفَّى عَنْهَا زَوْجُهَا إِذَا وَضَعَتْ فَقَدْ حَلَّ التَّزْوِيجُ لَهَا وَإِنْ لَمْ تَكْنِ انْقَضَتْ عِدَّتُهَا وَهُوَ قَوْلُ سُفْيَانَ الثَّوْرِيِّ وَالشَّافِعِيِّ وَأَحْمَدَ وَإِسْحَقَ و قَالَ بَعْضُ أَهْلِ الْعِلْمِ مِنْ أَصْحَابِ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَغَيْرِهِمْ تَعْتَدُّ آخِرَ الْأَجَلَيْنِ وَالْقَوْلُ الْأَوَّلُ أَصَحُّ
Дийцина тхуна [Ахьмад бин МаниӀ] дийцина тхуна [Хьусайн бин Мухьаммада] дийцина тхуна [Сайбан] [Мансур] тӀера [ИбрахӀим] тӀера [Ал Асвад] тӀера [Абу Ас Санабил бин БаӀкак] тӀера цо аьлла; СубайӀата бер дина шен майра веллачул тӀаьхьа ткъе кхоъ-ткъе пхи де далале. ЦӀена хилча - нифасах - тӀаккха захало дан кечло иза. ТӀаккха цхьаммо инкарло йира, хӀара Пайхамаре саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам дӀакхачийна, цо жоп делла: «Нагахь санна цо иза дича, тӀаккха цуьнан идда хан чекхъяьлла». Дийцина тхуна [Ахьмад бин МаниӀ] дийцина тхуна [Ал Хьасан бин Мусас] дийцина тхуна [Сайбана] [Мансурера] иштта. Цо элира. Цу хьолехь цунах тера хьадис ду Умм Саламатера. Абу Ӏийсас элира; Абу Ас Санабилан хьадис оцу могӀанера машхур гӀариб хьадис ду амма вайна ца хаьара Аль Асвадехь Абу Ас Санабилера хезна хьадис дуйла, Мухьаммада олуш хезира суна; Суна ца хаьара Абу Ас Санабил Пайхамар саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам тӀаьхьа ваьхна вуйла. ХӀара хьадис дукхахболчу Ӏеламнаха Элчанан асхьабашкара а, уьш боцучу наха дийцарехь а, нагахь санна доьзалхочух йолу зуда майра елча, цо бер дича, цуьнан иддатан хан чекхъяьлла яцахь а, цунна маре яхар хьанал ду аьлла. Иштта хета Суфьян Ац ЦӀаурин а, Аш СяфиӀин а, Ахьмадан а, Исхьакъан а. Цу юкъана, Пайхамаран асхьабашна юкъара цхьаболу Ӏеламнах а, уьш боцурш а бу ишттачу ойланехь; Цо шен иддат дина шен шина иддатан муьрехь тӀаьххьарчу - уггаре а ехачу - майра веллачу зудчун иддатан муьрехь а, доьзалхочух йолчу зудчун иддатан муьрехь а - амма хьалхара ойла нийса ю.