Принять ислам, нажмите здесь
ISLAM AL-HAQ: QURAN & HADITH
(The True Islam)



- Jihad dan Perang Ghanimah Barang siapa mengambil ghanimah sebelum pembagian resmi, maka ia berbuat khianat (ghulul)

Hadith Search Results :
Total Hadith : 1
Hadith Representative
Barang siapa mengambil ghanimah sebelum pembagian resmi, maka ia berbuat khianat (ghulul)
Imam Bukhari : 2844

حَدَّثَنَا مُسَدَّدٌ حَدَّثَنَا يَحْيَى عَنْ أَبِي حَيَّانَ قَالَ حَدَّثَنِي أَبُو زُرْعَةَ قَالَ حَدَّثَنِي أَبُو هُرَيْرَةَ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُ قَالَقَامَ فِينَا النَّبِيُّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَذَكَرَ الْغُلُولَ فَعَظَّمَهُ وَعَظَّمَ أَمْرَهُ قَالَ لَا أُلْفِيَنَّ أَحَدَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ عَلَى رَقَبَتِهِ شَاةٌ لَهَا ثُغَاءٌ عَلَى رَقَبَتِهِ فَرَسٌ لَهُ حَمْحَمَةٌ يَقُولُ يَا رَسُولَ اللَّهِ أَغِثْنِي فَأَقُولُ لَا أَمْلِكُ لَكَ شَيْئًا قَدْ أَبْلَغْتُكَ وَعَلَى رَقَبَتِهِ بَعِيرٌ لَهُ رُغَاءٌ يَقُولُ يَا رَسُولَ اللَّهِ أَغِثْنِي فَأَقُولُ لَا أَمْلِكُ لَكَ شَيْئًا قَدْ أَبْلَغْتُكَ وَعَلَى رَقَبَتِهِ صَامِتٌ فَيَقُولُ يَا رَسُولَ اللَّهِ أَغِثْنِي فَأَقُولُ لَا أَمْلِكُ لَكَ شَيْئًا قَدْ أَبْلَغْتُكَ أَوْ عَلَى رَقَبَتِهِ رِقَاعٌ تَخْفِقُ فَيَقُولُ يَا رَسُولَ اللَّهِ أَغِثْنِي فَأَقُولُ لَا أَمْلِكُ لَكَ شَيْئًا قَدْ أَبْلَغْتُكَوَقَالَ أَيُّوبُ عَنْ أَبِي حَيَّانَ فَرَسٌ لَهُ حَمْحَمَةٌ

Дийцина тхуна [Мусаддада] дийцина тхуна [Яхья] [Абу Хьаййана] аьлла цо соьга [Абу ЗурӀата] аьлла цо дийцина соьга [Абу ХӀурайрас Дела реза хуьлда цунна] аьлла; Пайхамар саллаллахӀу ӀалайхӀиваслам тхуна хьалха хӀоьттира, тӀаккха цо дийцира гӀулул -тӀеман хӀонс дӀасаекъале схьаэцарх лаьцна- ткъа цо -кхерам бира- къинан доккхаллех а, оцу гӀуллакхан тӀаьхьалонех а лаьцна. Цо элира: «Бакъдолуш, къийамат дийнахь шух цхьаъ дуьхьалкхетар ву суна, шен логах хьийзаш гезар а йолуш, шен логах хьийзаш говр а йолуш, цо олуш; «ХӀай Делан Элча, гӀо дехьа суна», тӀаккха ас жоп делира; — Сан хьуна тӀехь жимма а ницкъ бац. Ас дӀакхачийна хьоьга -дуьненахь хилча-'. Ткъа суна цхьа стаг дуьхьалкхетта, шен логах букъ тӀехь эмкал хьийзаш, цо бохуш; «ХӀай Делан Элча, гӀо дехьа суна», тӀаккха ас жоп делира: «Сан жимма а ницкъ бац хьуна тӀехь». Ас дӀакхачийна хьоьга -дуьненахь хилча-'. Ткъа суна цхьа стаг дуьхьалкхетта, шен гай тӀехь дешин а, детин а кийсак йолуш, цо элира; «ХӀай Делан Элча, гӀо дехьа суна», тӀаккха ас жоп делира: «Сан хьуна тӀехь жимма а ницкъ бац». Ас дӀакхачийна хьоьга -дуьненахь хилча-', Ткъа суна дуьхьалкхетта цхьаммо, шен логах тӀехьа кӀадин лист а долуш, цо элира; «ХӀай Делан Элча, гӀо дехьа суна», тӀаккха ас элира: «Сан хьуна тӀехь жимма а ницкъ бац». Ас дӀакхачийна хьоьга -дуьненахь хилча-'. [Айюба] [Абу Хьаййанера] элира; '-Ткъа цхьаъ- шен вортанан букъ тӀехь хьийзаш говр ю'.

Hadith Corroboration :

Imam Ahmad : 9139, 17056, 17059
Imam Bukhari : 2844, 2845
Imam Muslim : 3412, 3415
Imam Abu Dawud : 2554, 3110