Imam Ahmad : 20887
حَدَّثَنَا عَبْدُ الرَّحْمَنِ بْنُ مَهْدِيٍّ عَنْ سُفْيَانَ عَنْ زَيْدِ بْنِ أَسْلَمَ عَنْ يَزِيدَ بْنِ نُعَيْمٍ عَنْ أَبِيهِ أَنَّ مَاعِزَ بْنَ مَالِكٍ أَتَى النَّبِيَّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَقَالَ أَقِمْ عَلَيَّ كِتَابَ اللَّهِ فَأَعْرَضَ عَنْهُ أَرْبَعَ مَرَّاتٍ ثُمَّ أَمَرَ بِرَجْمِهِ فَلَمَّا مَسَّتْهُ الْحِجَارَةُ قَالَ عَبْدُ الرَّحْمَنِ وَقَالَ مَرَّةً فَلَمَّا عَضَّتْهُ الْحِجَارَةُ أَجْزَعَ فَخَرَجَ يَشْتَدُّ وَخَرَجَ عَبْدُ اللَّهِ بْنُ أُنَيْسٍ أَوْ أَنَسُ بْنُ نَادِيَةَ فَرَمَاهُ بِوَظِيفِ حِمَارٍ فَصَرَعَهُ فَأَتَى النَّبِيَّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَحَدَّثَهُ بِأَمْرِهِ فَقَالَ هَلَّا تَرَكْتُمُوهُ لَعَلَّهُ أَنْ يَتُوبَ فَيَتُوبَ اللَّهُ عَلَيْهِ ثُمَّ قَالَ يَا هَزَّالُ لَوْ سَتَرْتَهُ بِثَوْبِكَ كَانَ خَيْرًا لَكَ
Вайга [Ӏабдур-Рохьман бин МахӀди] [Суфьянера] [Зайд бин Асламера] [Язид бин НуӀаймера] [шен дегара] дийцина, МаӀиз бин Малик Пайхамарна тӀе а веана, саллаллахӀу ӀалайхӀивасаллам аьлла: «АллахӀан сацам суна тӀехь кхочушбехьа». Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀивассалам диъза дӀавирзира цунна, тӀаккха цул тӀаьхьа цо омра дира МаӀизна тӀулгаш детта аьлла. Маликна тӀулг тоьхча -Ӏабдур-Рохьмана наггахь олура- и тӀулг шена тӀе кхетча, кхеравелла, ведда дӀавахара иза. ӀабдуллахӀ бин Унайс я Унайс бин Надияс тӀаьхьаваьлла иза тӀаккха вир когаца дӀакхоьссина иза охьавожалц. ТӀаккха Пайхамар саллаллахӀу ӀалайхӀивасаллам волчу а вахана, цуьнга дийцира цо цунах лаьцна. Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀивассалам аьлла: «ХӀунда ца вуьту ахь иза еккъа дӀа, цо тоба дийр ду аьлла, сатуьйсуш, тӀаккха Дала цуьнан тоба къобал дийр ду?». Цул тӀаьхьа Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀивасаллама элира: «ХӀай Хьаззал! Ахь хьайн духарца дӀакъевлича дика хир дара хьуна'.