Imam Ahmad : 20455
حَدَّثَنَا إِسْمَاعِيلُ عَنِ الْجُرَيْرِيِّ عَنْ أَبِي الْعَلَاءِ بْنِ الشِّخِّيرِ عَنْ الْأَحْنَفِ بْنِ قَيْسٍ قَالَ قَدِمْتُ الْمَدِينَةَ فَبَيْنَا أَنَا فِي حَلَقَةٍ فِيهَا مَلَأٌ مِنْ قُرَيْشٍ إِذْ جَاءَ رَجُلٌ فَذَكَرَ الْحَدِيثَ فَاتَّبَعْتُهُ حَتَّى جَلَسَ إِلَى سَارِيَةٍ فَقُلْتُ مَا رَأَيْتُ هَؤُلَاءِ إِلَّا كَرِهُوا مَا قُلْتَ لَهُمْ فَقَالَ إِنَّ خَلِيلِي أَبَا الْقَاسِمِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ دَعَانِي فَقَالَ يَا أَبَا ذَرٍّ فَأَجَبْتُهُ فَقَالَ هَلْ تَرَى أُحُدًا فَنَظَرْتُ مَا عَلَيْهِ مِنْ الشَّمْسِ وَأَنَا أَظُنُّهُ يَبْعَثُنِي فِي حَاجَةٍ فَقُلْتُ أَرَاهُ قَالَ مَا يَسُرُّنِي أَنَّ لِي مِثْلَهُ ذَهَبًا أُنْفِقُهُ كُلَّهُ إِلَّا ثَلَاثَةَ الدَّنَانِيرِ
Вайга дийцина [ИсмаӀил] [Аль-Джурайри] тӀера [Абул Ӏалаъ бин Сийххира] [Ахьнаф бин Къайс] тӀера аьлла: «Со Мадинат гӀала веара, со цхьана гуламехь волуш, цу чохь Къурайшин хьалханча а волуш, цӀеххьана цхьа стаг веара, цо хьадис дешна». Со тӀаккха цунна тӀаьхьахӀоьттира, иза бӀогӀамна улло охьахаалц. Ас тӀаккха хаьттира: «Суна ца го, ахь аьлларг царна ца дезахь!» Цу стага жоп делира: «Бакъдолуш, сан хьоме Абу Къасима шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам кхайкхина соьга: «ХӀай [Абу Зарр]! — Ас жоп делира цунна, тӀаккха цо элира: «Ухьуд лам гиний хьуна?» Суна тӀаккха малх серлонна тӀехьа Ухьуд лам гира, суна моьттура Делан Элча цхьана Ӏалашонца со вахийта лууш ву. ТӀаккха ас жоп делира: «ХӀаъ, суна гира». Цо элира: «Суна товш хир дацара, Ухьуд лам санна доккха деши хилча, цундела ас иза -личный- йохка-эцарна лелийна, еккъа кхо динар доцург».