Imam Ahmad : 25457
حَدَّثَنَا مُعَاذُ بْنُ مُعَاذٍ قَالَ حَدَّثَنَا أَبُو كَعْبٍ صَاحِبُ الْحَرِيرِ قَالَ حَدَّثَنِي شَهْرُ بْنُ حَوْشَبٍ قَالَ قُلْتُ لِأُمِّ سَلَمَةَ يَا أُمَّ الْمُؤْمِنِينَ مَا كَانَ أَكْثَرَ دُعَاءِ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ إِذَا كَانَ عِنْدَكِ قَالَتْ كَانَ أَكْثَرُ دُعَائِهِ يَا مُقَلِّبَ الْقُلُوبِ ثَبِّتْ قَلْبِي عَلَى دِينِكَ قَالَتْ فَقُلْتُ لَهُ يَا رَسُولَ اللَّهِ مَا أَكْثَرَ دُعَاءَكَ يَا مُقَلِّبَ الْقُلُوبِ ثَبِّتْ قَلْبِي عَلَى دِينِكَ قَالَ يَا أُمَّ سَلَمَةَ مَا مِنْ آدَمِيٍّ إِلَّا وَقَلْبُهُ بَيْنَ أُصْبُعَيْنِ مِنْ أَصَابِعِ اللَّهِ عَزَّ وَجَلَّ مَا شَاءَ أَقَامَ وَمَا شَاءَ أَزَاغَ قَالَ عَبْد اللَّهِ سَأَلْتُ أَبِي عَنْ أَبِي كَعْبٍ فَقَالَ ثِقَةٌ وَاسْمُهُ عَبْدُ رَبِّهِ بْنُ عُبَيْدٍ
Дийцина вайга [МуаӀдз бин МуаӀдз] цо аьлла; дийцина вайга [Абу КаӀаба, кест-кеста шовда лелош хиллачу стага] цо аьлла; дийцина вайга [СяхӀр бин Хьаусяб] цо аьлла; Ас элира [Умму Саламате]; «ХӀай уммул муъма нах! Пайхамара саллаллахӀууллахӀи ва саллам муьлха доӀа дешна уггаре дукха ша хьо волчохь?' цо жоп делира; — Цуьнан уггаре а кест-кеста деш долу доӀа дара: ХӀАЪ МУКЪАЛЛИБАЛ КЪУЛУБ ЦАББИТ КЪАЛБИЙ ӀАЛА ДИЙНИКА -ХӀай дегнаш дӀасадерзош берш! Хьайн динал лакхахь сан дог даима чӀагӀде Ахь-'. Цо элира; — ТӀаккха ас хаьттира цуьнга, хӀай Делан Элча! ХӀунда ду ахь уггар дукха доьшуш долу доӀа: Я МУКЪАЛЛИБАЛ КЪУЛУБ ЦАББИТ КЪАЛБИЙ ӀАЛА ДИЙНИКА -ХӀай дегнаш дӀадерзош верг! Даима сан дог Хьайн динехь чӀагӀде Ахь-?' цо жоп делира; «ХӀай, Умм Салама! Адаман тӀаьхье хир яц, цуьнан дог АллахӀан Аззаважалла шина пӀелган юккъехь ца хилча. Цунна лаахь нисдийр ду Цо иза, Шена лаахь галвоккхур ву Цо иза». Ӏабдуллас элира; Абу Каабера сан дега хаьттира ас, цо элира ша цикъах стаг ву, цуьнан цӀе Ӏабду Раббихь бин Убайд ю аьлла.