Imam Ahmad : 19151
حَدَّثَنَا عَبْدُ الصَّمَدِ حَدَّثَنَا مُحَمَّدُ بْنُ أَبِي الْمَلِيحِ الْهُذَلِيُّ حَدَّثَنِي رَجُلٌ مِنْ الْحَيِّ أَنَّ يَعْلَي بْنَ سُهَيْلٍ مَرَّ بِعِمْرَانَ بْنِ حُصَيْنٍ فَقَالَ لَهُ يَا يَعْلَي أَلَمْ أُنَبَّأْ أَنَّكَ بِعْتَ دَارَكَ بِمِائَةِ أَلْفٍ قَالَ بَلَى قَدْ بِعْتُهَا بِمِائَةِ أَلْفٍ قَالَ فَإِنِّي سَمِعْتُ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يَقُولُ مَنْ بَاعَ عُقْدَةَ مَالٍ سَلَّطَ اللَّهُ عَزَّ وَجَلَّ عَلَيْهَا تَالِفًا يُتْلِفُهَا
Дийцина тхуна [Ӏабдушамаде], дийцина тхуна [Мухьаммад бин Малихь Аль-Худзалига], дийцина соьга [цхьана стага] юьртара бахархойх, ЙаӀла бин СухӀайл цкъа [Ӏимран бин Хьушайнна] хьалхахула чекхваьлла хилар, тӀаккха Ӏимрана аьлла; — ХӀай ЯӀла, ахь хьайн цӀа бӀе эзарна доьхкина бохург бакъ дуй? Цо жоп делира: «ХӀаъ, ас бӀе эзарна доьхкина иза». ТӀаккха Ӏимрана элира; «Бакъдолуш, суна хезнера АллахӀан Элчано саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам олуш: «Шен бахаман коьрта капитал йоьхкинчунна, АллахӀ Азза ва Жаллас иза хӀаллакдийр долу стаг волор ву».