Imam Ahmad : 14007
حَدَّثَنَا عَبْدُ الصَّمَدِ بْنُ عَبْدِ الْوَارِثِ حَدَّثَنَا الْقَاسِمُ يَعْنِي ابْنَ الْفَضْلِ وَهُوَ الْحُدَّانِيُّ حَدَّثَنَا سَعِيدُ بْنُ الْمُهَلَّبِ عَنْ طَلْقِ بْنِ حَبِيبٍ قَالَ كُنْتُ مِنْ أَشَدِّ النَّاسِ تَكْذِيبًا بِالشَّفَاعَةِ حَتَّى لَقِيتُ جَابِرَ بْنَ عَبْدِ اللَّهِ فَقَرَأْتُ عَلَيْهِ كُلَّ آيَةٍ ذَكَرَهَا اللَّهُ عَزَّ وَجَلَّ فِيهَا خُلُودُ أَهْلِ النَّارِ فَقَالَ يَا طَلْقُ أَتُرَاكَ أَقْرَأَ لِكِتَابِ اللَّهِ مِنِّي وَأَعْلَمَ بِسُنَّةِ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَاتُّضِعْتُ لَهُ فَقُلْتُ لَا وَاللَّهِ بَلْ أَنْتَ أَقْرَأُ لِكِتَابِ اللَّهِ مِنِّي وَأَعْلَمُ بِسُنَّتِهِ مِنِّي قَالَ فَإِنَّ الَّذِي قَرَأْتَ أَهْلُهَا هُمْ الْمُشْرِكُونَ وَلَكِنْ قَوْمٌ أَصَابُوا ذُنُوبًا فَعُذِّبُوا بِهَا ثُمَّ أُخْرِجُوا صُمَّتَا وَأَهْوَى بِيَدَيْهِ إِلَى أُذُنَيْهِ إِنْ لَمْ أَكُنْ سَمِعْتُ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يَقُولُ يَخْرُجُونَ مِنْ النَّارِ وَنَحْنُ نَقْرَأُ مَا تَقْرَأُ
Дийцина вайга [Ӏабдусшамад бин Ӏабдул Вариц] дийцина вайга [Аль-Къосим] нийса аьлча Ибну Аль-Фадл, Аль-Худдани дийцина вайга [СаӀид Бин Аль-Мухаллаб] [Толкъ Бин Хьабиб] тӀера аьлла; Со [Джабир бин ӀабдуллахӀ] вовшахкхетталц шафаӀатах ца тешаш болчу нахах вара, тӀаккха цунна хьалха АллахӀа АззаВаЖалла жоьжахатин охӀлун абаден хиларх лаьцна хьахийна долу хӀора аят дешна ас. ТӀаккха цо элира; «ХӀай ТӀолкъ, суна го, хьуна суначул а алсам АллахӀан жайна хууш хилар а, РасулуллахӀан суннат саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам суначул а алсам хууш хилар а». ТӀаккха ас -Толкъ РадлиаллахӀуъанхӀу- лахара а ваьлла, ас элира; «ВаллахӀи дац, амма АллахӀан жайнах лаьцна суначул а алсам хаьа хьуна, суннат а дика хаьа хьуна». -Джабир бин ӀабдуллахӀ РадлиаллахӀуӀанхӀу- аьлла 'Ахь дешнарг мушрикех лаьцна ду'. Амма цхьа халкъ дара къинош летийна, тӀаккха уьш хьийзош, арабаьхна. тӀаккха, вист ца хуьлуш, лергашна тӀе куьйгаш а диллина. Суна РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам олуш ца хезнехьара: «Уьш жоьжахатера арабер бу», - ахь ма-дешшара доьшур дара вай.