Imam Ahmad : 13179
حَدَّثَنَا حَسَنُ بْنُ مُوسَى حَدَّثَنَا هِلَالُ بْنُ أَبِي دَاوُدَ يَعْنِي الْحَبَطِيُّ أَبُو هِشَامٍ قَالَ أَخِي هَارُونُ بْنُ أَبِي دَاوُدَ أَتَيْتُ أَنَسَ بْنَ مَالِكٍ فَقُلْتُ يَا أَبَا حَمْزَةَ إِنَّ الْمَكَانَ بَعِيدٌ وَنَحْنُ يُعْجِبُنَا أَنْ نَعُودَكَ فَرَفَعَ رَأْسَهُ فَقَالَ سَمِعْتُ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يَقُولُ أَيُّمَا رَجُلٍ عَادَ مَرِيضًا فَإِنَّمَا يَخُوضُ فِي الرَّحْمَةِ فَإِذَا قَعَدَ عِنْدَ الْمَرِيضِ غَمَرَتْهُ الرَّحْمَةُ قَالَ فَقُلْتُ يَا رَسُولَ اللَّهِ هَذَا الصَّحِيحُ الَّذِي يَعُودُ الْمَرِيضَ فَالْمَرِيضُ مَا لَهُ قَالَ تُحَطُّ عَنْهُ ذُنُوبُهُ
Дийцина тхуна [Хьасан бин Мусас] дийцина тхуна [ХӀилал бин Абу Дауд] нийса аьлча Аль-Хьабатий, Абу ХӀишама аьлла; сан вашас [Хьарун бин Абу Дауда] аьлла; Цкъа [Анас бин Малик] волчу а вахана, хаьттира ас, хӀай Абу Хьамза, тхо генахь делахь а, тхуна чӀогӀа хазахета хьоьга хьошалгӀа даха. тӀаккха цо - Анас бин Малик РадлиаллахӀуӀанхӀу - корта хьала а айбина, элира; Суна хезна Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам олуш: «Цомгуш волчу стаге хьошалгӀа воьдуш верг къинхетамехь ву бохург ду, нагахь санна иза цунна улло охьахиъча, тӀаккха иза баккъалла а къинхетамах вуьзна ву». -Анас бин Малик РадлияллахӀуӀанхӀу- аьлла; Ас хаьттира: ХӀай АллахӀан Элча, хӀара цомгашчаьрга хьошалгӀа воьдучарна ду, цомгашчарна хӀун хир ду? -Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам- аьлла: «Цуьнан къинош дӀадевр ду».