Dajjal diharamkan masuk Madinah dan kisahnya membunuh lalu menghidupkan kembali seorang mukmin terbaik yang tetap teguh membohongkannya
Imam Ahmad : 10891
حَدَّثَنَا عَبْدُ الرَّزَّاقِ أَخْبَرَنَا مَعْمَرٌ عَنِ الزُّهْرِيِّ قَالَ أَخْبَرَنِي عُبَيْدُ اللَّهِ بْنُ عَبْدِ اللَّهِ أَنَّ أَبَا سَعِيدٍ الْخُدْرِىَّ قَالَ حَدَّثَنَا رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ حَدِيثًا طَوِيلًا عَنْ الدَّجَّالِ فَقَالَ فِيمَا يُحَدِّثُنَا قَالَ يَأْتِي الدَّجَّالُ وَهُوَ مُحَرَّمٌ عَلَيْهِ أَنْ يَدْخُلَ نِقَابَ الْمَدِينَةِ فَيَخْرُجُ إِلَيْهِ رَجُلٌ يَوْمَئِذٍ وَهُوَ خَيْرُ النَّاسِ أَوْ مِنْ خَيْرِهِمْ فَيَقُولُ أَشْهَدُ أَنَّكَ الدَّجَّالُ الَّذِي حَدَّثَنَا رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ حَدِيثَهُ فَيَقُولُ الدَّجَّالُ أَرَأَيْتُمْ إِنْ قَتَلْتُ هَذَا ثُمَّ أَحْيَيْتُهُ أَتَشُكُّونَ فِي الْأَمْرِ فَيَقُولُونَ لَا فَيَقْتُلُهُ ثُمَّ يُحْيِيهِ فَيَقُولُ حِينَ يَحْيَا وَاللَّهِ مَا كُنْتُ قَطُّ أَشَدَّ بَصِيرَةً فِيكَ مِنِّي الْآنَ قَالَ فَيُرِيدُ قَتْلَهُ الثَّانِيَةَ فَلَا يُسَلَّطُ عَلَيْهِ
Дийцина тхуна [Ӏабдурраззакъа] аьлла; хаам бина тхуна [МаӀмар] [Аз Зухри] аьлла; [УбайдуллахӀ бин ӀабдуллахӀе] хаам бина хилла, [Абу СаӀид Аль-Худрис] аьлла; РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам дийцина вайга Даджалах лаьцна деха хьадис цундела цо элира ша дийцинчух, цо элира: «Даджал вогӀур ву, цунна Мединате чу ваха дихкина ду, тӀаккха цхьа стаг дуьхьал хир ву цунна, ткъа иза цу дийнахь адамех уггаре а диканиг хир ву, -я цо элира, - «царех уггаре а диканиг а волуш, цо элира; «Ас тоьшалла до, хьо Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дийцина волу Дажал хиларца». тӀаккха Даджала аьлар; — ХӀун аьлла хета хьуна, ас и стаг а вийна, юха денвеллехь, хӀинца а сан гӀуллакхах шеконаш хир яра хьан? — жоп делира цара; '-вай- Цхьа а -шеко- яц,' тӀаккха Даджала вийна иза тӀаккха денвина иза. Ша денвелча, мохь туьйхира цо; – ВаллахӀи, хӀинцачул сов тешна хир вац со хьан аьшпех. Абу СаӀида элира; — ШолгӀа а вен лиъча, Даджалан ницкъ ца кхаьчна иза дан.