Imam Ahmad : 2577
حَدَّثَنَا حَجَّاجٌ عَنِ ابْنِ جُرَيْجٍ قَالَ أَخْبَرَنِي ابْنُ أَبِي مُلَيْكَةَ أَنَّ حُمَيْدَ بْنَ عَبْدِ الرَّحْمَنِ بْنِ عَوْفٍ أَخْبَرَهُ أَنَّ مَرْوَانَ قَالَ اذْهَبْ يَا رَافِعُ لِبَوَّابِهِ إِلَى ابْنِ عَبَّاسٍ فَقُلْ لَئِنْ كَانَ كُلُّ امْرِئٍ مِنَّا فَرِحَ بِمَا أُوتِيَ وَأَحَبَّ أَنْ يُحْمَدَ بِمَا لَمْ يَفْعَلْ لَنُعَذَّبَنَّ أَجْمَعُونَ فَقَالَ ابْنُ عَبَّاسٍ وَمَا لَكُمْ وَهَذِهِ إِنَّمَا نَزَلَتْ هَذِهِ فِي أَهْلِ الْكِتَابِ ثُمَّ تَلَا ابْنُ عَبَّاسٍ { وَإِذْ أَخَذَ اللَّهُ مِيثَاقَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ لَتُبَيِّنُنَّهُ لِلنَّاسِ } هَذِهِ الْآيَةَ وَتَلَا ابْنُ عَبَّاسٍ { لَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ يَفْرَحُونَ بِمَا أَتَوْا وَيُحِبُّونَ أَنْ يُحْمَدُوا بِمَا لَمْ يَفْعَلُوا } وَقَالَ ابْنُ عَبَّاسٍ سَأَلَهُمْ النَّبِيُّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ عَنْ شَيْءٍ فَكَتَمُوهُ إِيَّاهُ وَأَخْبَرُوهُ بِغَيْرِهِ فَخَرَجُوا قَدْ أَرَوْهُ أَنْ قَدْ أَخْبَرُوهُ بِمَا سَأَلَهُمْ عَنْهُ وَاسْتَحْمَدُوا بِذَلِكَ إِلَيْهِ وَفَرِحُوا بِمَا أَتَوْا مِنْ كِتْمَانِهِمْ إِيَّاهُ مَا سَأَلَهُمْ عَنْهُ
Иза вайца [Хьаьжаже] гергара хилла [Ибн Джурайжера] цо аьллачуьнгара; хаам бина соьга [Ибну Абу Авалкага], [ХӀумайд бин Ӏабдуррахьман бин Ӏауф] шега хаам бина хилар, Марвана аьлла хилар; «ХӀай Рафи», неӀархочуьнга ала, иза Ибн Ӏаббас волчу ваха веза, цуьнга хатта; — Вайх хӀора а ша лелочунна реза а волуш, ша ца диначунна хастам бар гӀоле хеташ велахь, цунна таӀзар хир ду, вайна массарна а таӀзар хир ду бохург дуй иза? [Ибн Ӏаббаса] элира; — ХӀун зулам ду хӀокху байтехь? — ХӀара аят жайнин АхӀлух лаьцна бен доссийна дац. Цул тӀаьхьа Ибн Ӏаббаса аят дешна; «Ткъа -дагахь латтаде-, АллахӀа шена деллачаьргара дош схьаэцча -«Ахь баккъалла а иза -жайнин чулацам- нахана дӀахаийта беза, иза къайла ма даккха деза». Къ.С.Али Ӏимран; 187.Ибн Ӏаббаса аят дӀадийшира; «Ткъа цкъа а ма моьтту хьуна, нах шаьш динчунна реза бу, шаьш ца йинчу Ӏамалшна хастам бар товш бу». Къ.С.Али Ӏимран; 188. Ибн Ӏаббаса аьлла; Аьлча а, Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам цаьрга цхьана хӀуманах лаьцна хаьттича, амма цара иза къайла а доккхуш, кхин дерг хаам бича. ТӀаккха уьш арабевлира. Баккъалла а, суна гира, цо шайга хаьттинчух лаьцна цуьнга дийцина хилар, шаьш хаам биначух лаьцна царна хастам бан лууш, цундела цо хаьттина цхьа хӀума къайла а доккхуш, шаьш динчунна реза хилла уьш».