Dosa besar ditolong, diobati susu dan kencing unta sembuh kemudian penjaganya dibunuh untanya dirampok
Imam Bukhari : 4244
حَدَّثَنَا عَلِيُّ بْنُ عَبْدِ اللَّهِ حَدَّثَنَا مُحَمَّدُ بْنُ عَبْدِ اللَّهِ الْأَنْصَارِيُّ حَدَّثَنَا ابْنُ عَوْنٍ قَالَ حَدَّثَنِي سَلْمَانُ أَبُو رَجَاءٍ مَوْلَى أَبِي قِلَابَةَ عَنْ أَبِي قِلَابَةَ أَنَّهُ كَانَ جَالِسًا خَلْفَ عُمَرَ بْنِ عَبْدِ الْعَزِيزِ فَذَكَرُوا وَذَكَرُوا فَقَالُوا وَقَالُوا قَدْ أَقَادَتْ بِهَا الْخُلَفَاءُ فَالْتَفَتَ إِلَى أَبِي قِلَابَةَ وَهْوَ خَلْفَ ظَهْرِهِ فَقَالَ مَا تَقُولُ يَا عَبْدَ اللَّهِ بْنَ زَيْدٍ أَوْ قَالَ مَا تَقُولُ يَا أَبَا قِلَابَةَ قُلْتُ مَا عَلِمْتُ نَفْسًا حَلَّ قَتْلُهَا فِي الْإِسْلَامِ إِلَّا رَجُلٌ زَنَى بَعْدَ إِحْصَانٍ أَوْ قَتَلَ نَفْسًا بِغَيْرِ نَفْسٍ أَوْ حَارَبَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَقَالَ عَنْبَسَةُ حَدَّثَنَا أَنَسٌ بِكَذَا وَكَذَا قُلْتُ إِيَّايَ حَدَّثَ أَنَسٌقَالَ قَدِمَ قَوْمٌ عَلَى النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَكَلَّمُوهُ فَقَالُوا قَدْ اسْتَوْخَمْنَا هَذِهِ الْأَرْضَ فَقَالَ هَذِهِ نَعَمٌ لَنَا تَخْرُجُ فَاخْرُجُوا فِيهَا فَاشْرَبُوا مِنْ أَلْبَانِهَا وَأَبْوَالِهَا فَخَرَجُوا فِيهَا فَشَرِبُوا مِنْ أَبْوَالِهَا وَأَلْبَانِهَا وَاسْتَصَحُّوا وَمَالُوا عَلَى الرَّاعِي فَقَتَلُوهُ وَاطَّرَدُوا النَّعَمَ فَمَا يُسْتَبْطَأُ مِنْ هَؤُلَاءِ قَتَلُوا النَّفْسَ وَحَارَبُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَخَوَّفُوا رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَقَالَ سُبْحَانَ اللَّهِ فَقُلْتُ تَتَّهِمُنِيقَالَ حَدَّثَنَا بِهَذَا أَنَسٌ قَالَ وَقَالَ يَا أَهْلَ كَذَا إِنَّكُمْ لَنْ تَزَالُوا بِخَيْرٍ مَا أُبْقِيَ هَذَا فِيكُمْ أَوْ مِثْلُ هَذَا
Дийцина тхуна [Ӏали бин ӀабдуллахӀ] Дийцина тхуна [Мухьаммад бин ӀабдуллахӀ Аль Ансари] Дийцина тхуна [Ибн Ӏаун] цо элира; Цо дийцира соьга [Салман Абу РаджаӀ], [Абу Къилабера] Абу Къилабан лай хиллачу, ша цкъа Ӏумар бин Ӏабдул Ӏазизна тӀехьа охьахиъна, цара халифех лаьцна къамелаш дина аьлла. Абу-Къилабата аьлла; халифаш хьалхабевлла хилла. Ӏумара цунна тӀе а вирзина – оцу хенахь Абу-Къилаба цунна тӀехьа вара – аьлла; ху бох ахь я ӀабдуллахӀ бин Зайд, -я цо боху-, ху бох ахь хӀай Абу Къилаба? Ас жоп делира; Суна ца хаьа бусалба динехь цхьа са дайа мегар дуй, зуда а ялийна, цул тӀаьхьа зина динарг бен, йа цо харцонца вийнарг, йа цо АллахӀана а, Цуьнан Элчанна а дуьхьал тӀом бинарг бен. [Ӏанбаса] элира; Дийцина тхуна [Анас] хӀокхунах а, вукхунах а лаьцна. Ас элира; ткъа Анас дийцира соьга цунах лаьцна, цо элира; цхьа халкъ цкъа Пайхамар саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам дуьхьал а даьлла, элира; Кху гӀалара хенан хӀоттам кхин вайна догӀуш бац. Цундела Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам аьлла: хӀара вайн цхьадолу даьхни ду, арадовла, церан шура а, мохь а мала. Цул тӀаьхьа шура а, эмкалан мохь а мелира цара, юха а керла хиллалц. ТӀаккха жаӀунна тӀе а бахана, иза вийна, цуьнан даьхни дӀадаьхьна цара. Цул тӀаьхьа дукха хан ялале, харцонца синош дойуш, АллахӀана а, Цуьнан элчанна а дуьхьал тӀом беш, Делан Элча саллаллохӀу ӀалайхӀи васаллам кхеравеш берш а хилла царна юкъахь. тӀаккха Ӏумара аьлар; ЦӀена ву АллахӀ, тӀаккха элира; — Со бехке веш вуй хьо? Абу-Къилабата аьлла; Анас дийцина вайна цунах лаьцна, цо аьлла; ХӀай хӀокху -Сям- нах, баккъалла а шу даима диканехь хир ду, и стаг шуьца мел ву. -я цунах тера хӀума.-
Hadith Corroboration :
Imam Ahmad : 11600, 12178, 12207, 12276, 12354, 12468, 12572, 12654, 12961, 13549, 13572
Imam Bukhari : 226, 1405, 2795, 3244, 3871, 3872, 4244, 5253, 5254, 5286, 6304, 6305, 6306, 6307, 6390
Imam Muslim : 3162, 3163, 3164
Imam Abu Dawud : 3798, 3799, 3801
Imam Tirmidzi : 68
Imam Nasa'i : 303, 304, 3958, 3959, 3960, 3961, 3962, 3963, 3964, 3965, 3966, 3967, 3968, 3969, 3970, 3971, 3972, 3974, 3975
Imam Ibnu Majah : 2568, 2569, 3494