Принять ислам, нажмите здесь
ISLAM AL-HAQ: QURAN & HADITH
(The True Islam)



Imam Tirmidzi : 2933

حَدَّثَنَا عَبْدُ بْنُ حُمَيْدٍ حَدَّثَنَا رَوْحُ بْنُ عُبَادَةَ عَنْ حَمَّادِ بْنِ سَلَمَةَ عَنْ ثَابِتٍ عَنْ أَنَسٍ عَنْ أَبِي طَلْحَةَ قَالَ رَفَعْتُ رَأْسِي يَوْمَ أُحُدٍ فَجَعَلْتُ أَنْظُرُ وَمَا مِنْهُمْ يَوْمَئِذٍ أَحَدٌ إِلَّا يَمِيدُ تَحْتَ حَجَفَتِهِ مِنْ النُّعَاسِ فَذَلِكَ قَوْلُهُ عَزَّ وَجَلَّ { ثُمَّ أَنْزَلَ عَلَيْكُمْ مِنْ بَعْدِ الْغَمِّ أَمَنَةً نُعَاسًا } قَالَ أَبُو عِيسَى هَذَا حَدِيثٌ حَسَنٌ صَحِيحٌ حَدَّثَنَا عَبْدُ بْنُ حُمَيْدٍ حَدَّثَنَا رَوْحُ بْنُ عَبَادَةَ عَنْ حَمَّادِ بْنِ سَلَمَةَ عَنْ هِشَامِ بْنِ عُرْوَةَ عَنْ أَبِيهِ عَنْ الزُّبَيْرِ مِثْلَهُ قَالَ أَبُو عِيسَى هَذَا حَدِيثٌ حَسَنٌ صَحِيحٌ

Дийцина тхуна [Ӏабд бин Хьумайда] дийцина тхуна [Раух бин Ӏубадата] [Хьаммад бин Саламат] тӀера [Сабит] тӀера [Анас] тӀера [Абу ТӀалхӀатера] цо элира; — Ухьудехь тӀом боьдуш корта хьалабаьккхира ас, тӀаккха дӀасахьаьжира со, цу хенахь массо а наб кхетарна шен турсашна кӀел дӀа а хьарчийна вара. Иза АллахӀан дош ду Ӏазза важалла: «ТӀаккха шу гӀайгӀане хиллачул тӀаьхьа, АллахӀа кхерамазалла йоссуьйту шуна - наб кхетаран кепехь». Къ.С.Али Ӏимран: 154. Абу Ӏийсас аьлла; ХӀара хьадис нийса ду. Дийцина тхуна [Ӏабд бин Хьумайда] дийцина тхуна [Раух бин Ӏубадата] [Хьаммад бин Саламатера] [Хьисам бин Урватера] [Шен де] [Аз Зубайрера] лакхахь долчу хьадисехь санна. Абу Ӏийсас элира; ХӀара хьадис нийса ду.