Penghuni neraka yang paling nikmat hidupnya dicelupkan sekali ke neraka hingga mengaku tak pernah merasakan kenikmatan
Imam Ibnu Majah : 4312
حَدَّثَنَا الْخَلِيلُ بْنُ عَمْرٍو حَدَّثَنَا مُحَمَّدُ بْنُ سَلَمَةَ الْحَرَّانِيُّ عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ إِسْحَقَ عَنْ حُمَيْدٍ الطَّوِيلِ عَنْ أَنَسِ بْنِ مَالِكٍ قَالَقَالَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يُؤْتَى يَوْمَ الْقِيَامَةِ بِأَنْعَمِ أَهْلِ الدُّنْيَا مِنْ الْكُفَّارِ فَيُقَالُ اغْمِسُوهُ فِي النَّارِ غَمْسَةً فَيُغْمَسُ فِيهَا ثُمَّ يُقَالُ لَهُ أَيْ فُلَانُ هَلْ أَصَابَكَ نَعِيمٌ قَطُّ فَيَقُولُ لَا مَا أَصَابَنِي نَعِيمٌ قَطُّ وَيُؤْتَى بِأَشَدِّ الْمُؤْمِنِينَ ضُرًّا وَبَلَاءً فَيُقَالُ اغْمِسُوهُ غَمْسَةً فِي الْجَنَّةِ فَيُغْمَسُ فِيهَا غَمْسَةً فَيُقَالُ لَهُ أَيْ فُلَانُ هَلْ أَصَابَكَ ضُرٌّ قَطُّ أَوْ بَلَاءٌ فَيَقُولُ مَا أَصَابَنِي قَطُّ ضُرٌّ وَلَا بَلَاءٌ
Дийцина тхуна [Аль-Халил бин Ӏамру] дийцина тхуна [Мухьаммад бин Салама Аль-Хьаррани] [Мухьаммад бин Исхьакъ] тӀера [Хьумайд Ат Савил] тӀера [Анас бин Малик] тӀера цо аьлла; РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам аьлла: «Къемат дийнахь цхьа кафир вогӀур ву, дуьненахь волуш уггаре а дукха ниӀматаш хааделла шена, тӀаккха эр ду; — Жоьжахате дӀавоьллий иза! Цундела иза жоьжахате дӀавоьжна. ТӀаккха цуьнга элира; — ХӀай фулан, жимма хазахетар хиллий хьуна? Цо жоп делира; — ХӀан-хӀа, суна цкъа а цхьа а хазахетар ца хилла атталла а». ТӀаккха уггаре а дукха баланаш лайна а, уггаре а хала зераш -дуьненахь волчу хенахь- цхьа муъма стаг веара, -цуьнга- элира; — Стигла чу дӀахӀоттаве иза! Цундела иза стигала хьалаваьккхина. ТӀаккха хаьттира цуьнга; — ХӀей иштта-вуьшта, жимма Ӏазап я зер хаало хьуна? цо жоп делира; — ХӀан-хӀа, суна жимма а бала а, зер а ца хааделла».