Seperti besi mendidih, mendekat saja kulit mengelupas
Imam Tirmidzi : 2506
حَدَّثَنَا سُوَيْدُ بْنُ نَصْرٍ أَخْبَرَنَا عَبْدُ اللَّهِ أَخْبَرَنَا صَفْوَانُ بْنُ عَمْرٍو عَنْ عُبَيْدِ اللَّهِ بْنِ بُسْرٍ عَنْ أَبِي أُمَامَةَعَنْ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فِي قَوْلِهِ{ وَيُسْقَى مِنْ مَاءٍ صَدِيدٍ يَتَجَرَّعُهُ }قَالَ يُقَرَّبُ إِلَى فِيهِ فَيَكْرَهُهُ فَإِذَا أُدْنِيَ مِنْهُ شَوَى وَجْهَهُ وَوَقَعَتْ فَرْوَةُ رَأْسِهِ فَإِذَا شَرِبَهُ قَطَّعَ أَمْعَاءَهُ حَتَّى تَخْرُجَ مِنْ دُبُرِهِ يَقُولُ اللَّهُ{ وَسُقُوا مَاءً حَمِيمًا فَقَطَّعَ أَمْعَاءَهُمْ }وَيَقُولُ{ وَإِنْ يَسْتَغِيثُوا يُغَاثُوا بِمَاءٍ كَالْمُهْلِ يَشْوِي الْوُجُوهَ بِئْسَ الشَّرَابُ }قَالَ أَبُو عِيسَى هَذَا حَدِيثٌ غَرِيبٌ وَهَكَذَا قَالَ مُحَمَّدُ بْنُ إِسْمَعِيلَ عَنْ عُبَيْدِ اللَّهِ بْنِ بُسْرٍ وَلَا نَعْرِفُ عُبَيْدَ اللَّهِ بْنَ بُسْرٍ إِلَّا فِي هَذَا الْحَدِيثِ وَقَدْ رَوَى صَفْوَانُ بْنُ عَمْرٍو عَنْ عَبْدِ اللَّهِ بْنِ بُسْرٍ صَاحِبِ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ غَيْرَ هَذَا الْحَدِيثِ وَعَبْدُ اللَّهِ بْنُ بُسْرٍ لَهُ أَخٌ قَدْ سَمِعَ مِنْ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَأُخْتُهُ قَدْ سَمِعَتْ مِنْ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَعُبَيْدُ اللَّهِ بْنُ بُسْرٍ الَّذِي رَوَى عَنْهُ صَفْوَانُ بْنُ عَمْرٍو هَذَا الْحَدِيثَ رَجُلٌ آخَرُ لَيْسَ بِصَاحِبٍ
Дийцина тхуна [Сувайд бин Насра] дийцина тхуна [ӀабдуллахӀа] дийцина тхуна [Шафван бин Амру] [Убайдилла бин Бусра] [Абу Умамат] пайхамарера саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам Шен дешнаш дӀадовзийтарехь: «Ткъа цунна лур ду вапустер, херан дӀ. Цо дийцира; '-Малар- -къа латийначунна- улле даьккхинера, цундела цунна иза ца дезара, иза шена улло даьккхича, маларо цуьнан юьхь ягийна, тӀаккха коьртан чкъор охьадоьжна. Иза меллачу хенахь, цу маларо кийра дӀакъевлира, нийсачу кийрара хи ара а долуш. АллахӀа боху: «Царна кхехка хи малийтира, цо церан кийра хадош». 63.АллахӀа элира :»Нагахь цара хи дехахь , баккъалла а царна мала хи лур ду , церан яххьаш ягош долу кхехкачу аьчка санна . Иза уггаре а вон малар а, уггаре а вон садаӀа меттиг а ю''. Абу Ӏийсас элира; — ГӀариб хьадис ду хӀара. Иштта аьлла Мухьаммад бин ИсмаьӀила УбайдуллахӀ бин Бусрера. Ткъа вайна УбайдуллахӀ бин Буср хӀокху хьадисехь бен ца вевза. Пайхамаран доттагӀчуьнгара ӀабдуллахӀ бин Бусрера дийцина Шафвана, хӀокху хьадисана тӀе а тевжаш. ӀабдуллахӀ бин Бусран цхьа ваша вара, Пайхамарера саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам -хьадис- хезна, цуьнан йишина а хезнера иза Пайхамарера саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам. Оцу юкъанна Шафван бин Ӏамрус хӀара хьадис шегара дийцина волу УбайдуллахӀ бин Буср кхин цхьа стаг вара, асхьабашна юкъахь воцуш.