Принять ислам, нажмите здесь
ISLAM AL-HAQ: QURAN & HADITH
(The True Islam)



Imam Abu Dawud : 2632

حَدَّثَنَا هَنَّادُ بْنُ السَّرِيِّ عَنْ أَبِي أُسَامَةَ عَنْ مُجَالِدٍ عَنْ الشَّعْبِيِّ عَنْ عَامِرِ بْنِ شَهْرٍ قَالَخَرَجَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَقَالَتْ لِي هَمْدَانُ هَلْ أَنْتَ آتٍ هَذَا الرَّجُلَ وَمُرْتَادٌ لَنَا فَإِنْ رَضِيتَ لَنَا شَيْئًا قَبِلْنَاهُ وَإِنْ كَرِهْتَ شَيْئًا كَرِهْنَاهُ قُلْتُ نَعَمْ فَجِئْتُ حَتَّى قَدِمْتُ عَلَى رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَرَضِيتُ أَمْرَهُ وَأَسْلَمَ قَوْمِي وَكَتَبَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ هَذَا الْكِتَابَ إِلَى عُمَيْرٍ ذِي مَرَّانٍ قَالَ وَبَعَثَ مَالِكَ بْنَ مِرَارَةَ الرَّهَاوِيَّ إِلَى الْيَمَنِ جَمِيعًا فَأَسْلَمَ عَكٌّ ذُو خَيْوَانَ قَالَ فَقِيلَ لِعَكٍّ انْطَلِقْ إِلَى رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَخُذْ مِنْهُ الْأَمَانَ عَلَى قَرْيَتِكَ وَمَالِكَ فَقَدِمَ وَكَتَبَ لَهُ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ مِنْ مُحَمَّدٍ رَسُولِ اللَّهِ لِعَكٍّ ذِي خَيْوَانَ إِنْ كَانَ صَادِقًا فِي أَرْضِهِ وَمَالِهِ وَرَقِيقِهِ فَلَهُ الْأَمَانُ وَذِمَّةُ اللَّهِ وَذِمَّةُ مُحَمَّدٍ رَسُولِ اللَّهِ وَكَتَبَ خَالِدُ بْنُ سَعِيدِ بْنِ الْعَاصِ

Дийцина вайга [Хьаннад бин Ас Сари], [Абу Усамат] [Муджалид] [Аш СяӀби] [Ӏамир бин СяхӀр] тӀера, цо аьлла; РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам ара велира, Хьамдан охӀлуно соьга элира; Оцу стагана тӀе а вахана, тхо лаха воллу хьо?» Ахь тхуна цхьа хӀума дӀа диллехь тӀаккха оха иза тӀеоьцур ду, хьуна цхьа хӀума ца товш делахь тӀаккха тхуна а товш хир дац. Ас боху; ХӀаъ. ТӀаккха со Делан Элча волчу веара саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам тӀаккха цуьнан гӀуллакхаш хазахийтира суна, сан къомо бусалба дин тӀеийцира. РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам яздина хӀара кехат Ӏумаир Дзи Марранга. Ткъа цо Малик бин Мирара Ар Рахьави вахийтира ерриге а Йеменехула. ТӀаккха Ӏакку Дзу Хайван бусалба дин тӀеэцна, тӀаккха Ӏаккуга аьлла; РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам волчу гӀо, хьайн юьртана а, хьайн бахамна а кхерамазалла схьаэца! ТӀаккха иза веара, РасулуллахӀа шаллаллохӀу ӀалайхӀи васаллама кехат яздира цунна: «БисмиллахӀиррохьманиррахьим, Мухьаммад РасулуллахӀера, Ӏакку Дзу Хайване: Нагахь санна иза шен махкаца а, бахамца а, лайшца а хьанал велахь, тӀаккха цунна Мухьаммадан кхерамазалла а, гарантии а ю». Ткъа Халид бин СаӀид бин Ал Ӏашас яздина цу хьокъехь.