Принять ислам, нажмите здесь
ISLAM AL-HAQ: QURAN & HADITH
(The True Islam)



- Islam Masuk ke dalam Islam Dlimad bersumpah setia memeluk islam

Hadith Search Results :
Total Hadith : 1
Hadith Representative
Dlimad bersumpah setia memeluk islam
Imam Nasa'i : 1387

أَخْبَرَنَا مُحَمَّدُ بْنُ الْمُثَنَّى وَمُحَمَّدُ بْنُ بَشَّارٍ قَالَا حَدَّثَنَا مُحَمَّدُ بْنُ جَعْفَرٍ قَالَ حَدَّثَنَا شُعْبَةُ قَالَ سَمِعْتُ أَبَا إِسْحَقَ يُحَدِّثُ عَنْ أَبِي عُبَيْدَةَ عَنْ عَبْدِ اللَّهِعَنْ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ قَالَ عَلَّمَنَا خُطْبَةَ الْحَاجَةِ الْحَمْدُ لِلَّهِ نَسْتَعِينُهُ وَنَسْتَغْفِرُهُ وَنَعُوذُ بِاللَّهِ مِنْ شُرُورِ أَنْفُسِنَا وَسَيِّئَاتِ أَعْمَالِنَا مَنْ يَهْدِهِ اللَّهُ فَلَا مُضِلَّ لَهُ وَمَنْ يُضْلِلْ فَلَا هَادِيَ لَهُ وَأَشْهَدُ أَنْ لَا إِلَهَ إِلَّا اللَّهُ وَأَشْهَدُ أَنَّ مُحَمَّدًا عَبْدُهُ وَرَسُولُهُ ثُمَّ يَقْرَأُ ثَلَاثَ آيَاتٍ{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ حَقَّ تُقَاتِهِ وَلَا تَمُوتُنَّ إِلَّا وَأَنْتُمْ مُسْلِمُونَ }{ يَا أَيُّهَا النَّاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمْ الَّذِي خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ وَخَلَقَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَبَثَّ مِنْهُمَا رِجَالًا كَثِيرًا وَنِسَاءً وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي تَسَاءَلُونَ بِهِ وَالْأَرْحَامَ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَيْكُمْ رَقِيبًا }{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَقُولُوا قَوْلًا سَدِيدًا }قَالَ أَبُو عَبْد الرَّحْمَنِ أَبُو عُبَيْدَةَ لَمْ يَسْمَعْ مِنْ أَبِيهِ شَيْئًا وَلَا عَبْدُ الرَّحْمَنِ بْنُ عَبْدِ اللَّهِ بْنِ مَسْعُودٍ وَلَا عَبْدُ الْجَبَّارِ بْنُ وَائِلِ بْنِ حُجْرٍ

Хаам бина тхуна [Мухьаммад бин Аль Муцанна] а, [Мухьаммад бин Басысяр] а цара шинне а аьлла; дийцина вайга [Мухьаммад бин ДжаӀфара] цо аьлла; дийцина вайга [ШуӀба] цо элира; Суна [Абу Исхьакъа] дуьйцуш хезира [Абу Ӏубайдатера] [ӀабдуллахӀера] Пайхамарера саллаллахӀу ӀалайхӀи ва Салламера. Ӏабдуллас элира; РасулуллахӀа СаллаллахӀу ӀалайхӀи ва Саллама Ӏамийна вайна хьажа хутӀба, иза: «АллахӀана хастам бу, вай цуьнгара гӀо а, гечдар а доьху вай, вайн синийн вонах а, вайн Ӏамалийн ирчачу хӀуманех а цуьнга ларлойла». АллахӀа нийсачу новкъа нисвеллачунна цхьаммо а галвоккхур вац иза. АллахӀа галваьккхинарг - цхьанне а нислур вац иза нийсачу новкъа ваккха. Ас тоьшалла до, цхьа а дела вац аьлла - Ӏибадат дан хьакъ волуш - АллахӀ воцург, ас тоьшалла до Мухьаммад цуьнан лай а, элча а хиларца». ТӀаккха цо дийшира хӀара кхо аят: «ХӀай ийман диллинарш, АллахӀах кхера бакъдолчу Цунна тӀедилларца, шаьш бусалба ца хилча бен ма леш». -Хьаттарш. Ӏали Ӏимран -3-: 102-. «ХӀай адамаш, кхера шайн Делах, шаьш цхьана «со» тӀера кхоьллина волчу, цуьнах АллахӀа шен зуда кхоьллина волчу, цу шиннах а АллахӀа дуккха а божарий а, зударий а кхоьллина, АллахӀах кхера Цуьнан цӀе -лелорца, аша вовшашка хоьттуш, СилатуррахӀиман гергарло -лардеш-. Баккъалла а, АллахӀа даима а лардо шу, терго йо шуна''.-С. Ан-Нисаъ-4-: 1-. "ХӀай ийман диллинарш, АллахӀах кхера, нийса дешнаш а ала."-Хь. Аль Ахьзааб -33-: 70-. Абу Ӏабдуррохьмана аьлла; Абу Убайдана цкъа а шен дегара данне а ца хезна, я Ӏабдуррахьман бин ӀабдуллахӀ бин МасӀуд а, Ӏабдул Джаббар бин ВаӀил бин Хьужр а.

Hadith Corroboration :

Imam Ahmad : 2613, 3105, 3536, 3906, 14455
Imam Muslim : 1436
Imam Abu Dawud : 925, 1809
Imam Nasa'i : 1387, 1560, 3225, 3226
Imam Ibnu Majah : 1883
Imam Darimi : 2105