Imam Ahmad : 17020
حَدَّثَنَا عَلِيُّ بْنُ عَيَّاشٍ حَدَّثَنَا حَسَّانُ بْنُ نُوحٍ عَنْ عَمْرِو بْنِ قَيْسٍ عَنْ عَبْدِ اللَّهِ بْنِ بُسْرٍ قَالَ أَتَى النَّبِيَّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ أَعْرَابِيَّانِ فَقَالَ أَحَدُهُمَا مَنْ خَيْرُ الرِّجَالِ يَا مُحَمَّدُ قَالَ النَّبِيُّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ مَنْ طَالَ عُمْرُهُ وَحَسُنَ عَمَلُهُ وَقَالَ الْآخَرُ إِنَّ شَرَائِعَ الْإِسْلَامِ قَدْ كَثُرَتْ عَلَيْنَا فَبَابٌ نَتَمَسَّكُ بِهِ جَامِعٌ قَالَ لَا يَزَالُ لِسَانُكَ رَطْبًا مِنْ ذِكْرِ اللَّهِ عَزَّ وَجَلَّ
Дийцина тхуна [Ӏали бин Айяси] Дийцина тхуна [Хьасан бин Нухь] [Амру бин Къайс] тӀера [ӀабдуллахӀ бин Буср] цо элира: «Ши юьртара Ӏаьрбий баьхкина Пайхамар саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам волчу». ТӀаккха царех цхьаммо хаьттира: «Мила ву уггар дика стаг, хӀай Мухьаммад?». Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам жоп делла: «Дукха хан йоккхуш, дика Ӏамалш еш болу нах». ТӀаккха вукхо элира: «Бусалба динан бакъонех лаьцна дуккха а хьехамаш кхаьчна тхуна, цундела тхуна массо а диканаш гулдеш йолу цхьа неӀ Ӏамаехьа, тхуна нисса лело йиш йолуш». Цо элира: «Дела хьехорца даима шера хила беза хьан мотт».