Puasa adalah untuk Allah dan Allah sendiri yang membalasnya
Imam Ahmad : 6877
حَدَّثَنَا مُحَمَّدُ بْنُ فُضَيْلٍ حَدَّثَنَا ضِرَارٌ وَهُوَ أَبُو سِنَانٍ عَنْ أَبِي صَالِحٍ عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَ وَأَبِي سَعِيدٍ قَالَا قَالَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ إِنَّ اللَّهَ يَقُولُ إِنَّ الصَّوْمَ لِي وَأَنَا أَجْزِي بِهِ إِنَّ لِلصَّائِمِ فَرْحَتَيْنِ إِذَا أَفْطَرَ فَرِحَ وَإِذَا لَقِيَ اللَّهَ فَجَزَاهُ فَرِحَ وَالَّذِي نَفْسُ مُحَمَّدٍ بِيَدِهِ لَخُلُوفُ فَمِ الصَّائِمِ أَطْيَبُ عِنْدَ اللَّهِ مِنْ رِيحِ الْمِسْكِ
Дийцина тхуна [Мухьаммад бин Фудлаила] дийцина тхуна [Длирар] - вуьшта аьлча Абу Синан - [Абу СалихӀера] [Абу ХӀурайрера] а, [Абу СаӀидера] а, цу шинне а аьлла; РасулуллахӀ СаллаллохӀу ӀалайхӀи ва Салам аьлла: «АллахӀа ТаӀала аьлла: «Бакъдолуш, марха Сан ду, Ас сайн тӀаьхьа дӀалур ду иза». Баккъалла а, марха кхобучу стагана ши хазахетар ду. Нагахь санна цо марха дохча ирсе хир ву иза, ткъа нагахь санна иза АллахӀана дуьхьал нислахь, Цо шен мархана ял елча тӀаккха ирсе хетар ду цунна. Мухьаммадан са Шен карахь долчуьнца дуй буу, марха кхобучу стеган багара хьожа Далла гергахь хаза хьожа йогӀуш ю, мискийн даьттан хьожанал а».