Imam Darimi : 1519
حَدَّثَنَا عَبْدُ اللَّهِ بْنُ يَزِيدَ حَدَّثَنَا الْمَسْعُودِيُّ عَنْ أَبِي حَازِمٍ عَنْ سَهْلِ بْنِ سَعْدٍ قَالَ لَمَّا كَثُرَ النَّاسُ بِالْمَدِينَةِ جَعَلَ الرَّجُلُ يَجِيءُ وَالْقَوْمُ يَجِيئُونَ فَلَا يَكَادُونَ أَنْ يَسْمَعُوا كَلَامَ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ حَتَّى يَرْجِعُوا مِنْ عِنْدِهِ فَقَالَ لَهُ النَّاسُ يَا رَسُولَ اللَّهِ إِنَّ النَّاسَ قَدْ كَثُرُوا وَإِنَّ الْجَائِيَ يَجِيءُ فَلَا يَكَادُ يَسْمَعُ كَلَامَكَ قَالَ فَمَا شِئْتُمْ فَأَرْسِلْ إِلَى غُلَامٍ لِامْرَأَةٍ مِنْ الْأَنْصَارِ نَجَّارٍ وَإِلَى طَرْفَاءِ الْغَابَةِ فَجَعَلُوا لَهُ مِرْقَاتَيْنِ أَوْ ثَلَاثَةً فَكَانَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يَجْلِسُ عَلَيْهِ وَيَخْطُبُ عَلَيْهِ فَلَمَّا فَعَلُوا ذَلِكَ حَنَّتْ الْخَشَبَةُ الَّتِي كَانَ يَقُومُ عِنْدَهَا فَقَامَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ إِلَيْهَا فَوَضَعَ يَدَهُ عَلَيْهَا فَسَكَنَتْ
Дийцина вайга [ӀабдуллахӀ бин Язида] дийцина вайга [Ал МасӀудис] [Абу Хьазим] тӀера [СахӀл бин СаӀдера] цо элира: «Мединатехь дуккха а нах болчу хенахь, уьш цхьацца а, тобанашца а богӀура, царна халла бен ца хезаш Делан Элчанан (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) дешнаш. ТӀаккха наха элира цуьнга: «ХӀай Делан Элча, баккъалла а дуккха а нах бу, даима а богӀуш берш а бу, ахь дуьйцург халла хезаш ду царна». Цо элира: «ХӀун лаьа хьуна?» Цара элира: «Элчанаш бахийта ансаран зудчун лай волчу, пхьарийн болх беш йолчу, Тарфа` Ал-ГӀабахь». ТӀаккха царна ши лами я кхо лами йира цара. ТӀаккха Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам охьа а хиъна цу тӀехь хьехам бира. ТӀаккха цара и дича, РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам уллохь лаьттачу дечигах дог лозуш хилла, РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам тӀаккха дечигна тӀе хьала а гӀаьттина, цу тӀе куьг диллира, иза тийна хиллалц.