Nabi Daud tidaklah melarikan diri ketika bertemu musuh
Imam Bukhari : 1841
حَدَّثَنَا عَمْرُو بْنُ عَلِيٍّ أَخْبَرَنَا أَبُو عَاصِمٍ عَنْ ابْنِ جُرَيْجٍ سَمِعْتُ عَطَاءً أَنَّ أَبَا الْعَبَّاسِ الشَّاعِرَ أَخْبَرَهُ أَنَّهُ سَمِعَ عَبْدَ اللَّهِ بْنَ عَمْرٍو رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمَابَلَغَ النَّبِيَّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ أَنِّي أَسْرُدُ الصَّوْمَ وَأُصَلِّي اللَّيْلَ فَإِمَّا أَرْسَلَ إِلَيَّ وَإِمَّا لَقِيتُهُ فَقَالَ أَلَمْ أُخْبَرْ أَنَّكَ تَصُومُ وَلَا تُفْطِرُ وَتُصَلِّي فَصُمْ وَأَفْطِرْ وَقُمْ وَنَمْ فَإِنَّ لِعَيْنِكَ عَلَيْكَ حَظًّا وَإِنَّ لِنَفْسِكَ وَأَهْلِكَ عَلَيْكَ حَظًّا قَالَ إِنِّي لَأَقْوَى لِذَلِكَ قَالَ فَصُمْ صِيَامَ دَاوُدَ عَلَيْهِ السَّلَام قَالَ وَكَيْفَ قَالَ كَانَ يَصُومُ يَوْمًا وَيُفْطِرُ يَوْمًا وَلَا يَفِرُّ إِذَا لَاقَى قَالَ مَنْ لِي بِهَذِهِ يَا نَبِيَّ اللَّهِقَالَ عَطَاءٌ لَا أَدْرِي كَيْفَ ذَكَرَ صِيَامَ الْأَبَدِ قَالَ النَّبِيُّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ لَا صَامَ مَنْ صَامَ الْأَبَدَ مَرَّتَيْنِ
Дийцина тхуна [Ӏамру бин Ӏалис] дийцина тхуна [Абу Ӏашим] [Абу Джурайжера] Суна хезира [Атхо] [Абу Аль Ӏаббас Асы-Сяир] шега дийцина аьлла, шена хезна [ӀабдуллахӀ бин Ӏамру радлиаллахӀу анхӀума] -олуш,-; Сох лаьцна кхаъ кхаьчна Пайхамаре саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам, ас кхидӀа а марха кхобур ду, буьйсанна ламазаш дийр ду аьлла. Кхин дага ца догӀу суна, цул тӀаьхьа цо геланча ваийтиний, я со цунна дуьхьалкхетта, тӀаккха цо элира: «Марха ца дохуш, буьйсанна ламаз дийр ду ахь бохург бакъ дуй - наб а ца еш -? Марха кхаба а, марха доха а, ламаз дан а, иштта наб ян а. ХӀунда аьлча, хьан бӀаьргашна хьалха хьуна хьакъ ду, хьуна а, хьан доьзална а хьакъ ду хьуна а». ӀабдуллахӀ бин Ӏамру радлиаллахӀу ӀанхӀума аьлла: «Бакъдерг аьлча, со чӀогӀа ву цу -Ӏамалел-». Цо элира: «ТӀаккха Дауд Пайхамаран мархаца марха кхаба». Цо хаьттира: «Муха». Цо саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллама жоп делла: «Давуд Пайхамара ӀалайхӀислам цхьана дийнахь марха кхаьбна, цхьана дийнахь марха дохийна, мостагӀчунна тӀеӀоттавелча ша ведда ца валийта». Цо элира: «ТӀаккха хӀокху марха кхабаран гӀуллакхехь сан масал мила ву массо заманашкахь, хӀай Пайхамар саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам АллахӀ? Атхо аьлла: «Суна ца хаьа цо муха хьахийна даима марха -дерриге дахарехь-, хӀунда аьлча Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам аьлла: «Абаден марха кхаьбначунна марха лоруш дац». Шозза элира цо иза.