Hadith Representative
Rukun Islam saja sudah cukup, apabila benar-benar dilaksanakan, tidak ditambah dan tidak dikurangi sedikitpun akan memasukkan pelakunya ke dalam surga
Imam Nasa'i : 2064أَخْبَرَنَا مُحَمَّدُ بْنُ مَعْمَرٍ قَالَ حَدَّثَنَا أَبُو عَامِرٍ الْعَقَدِيُّ قَالَ حَدَّثَنَا سُلَيْمَانُ بْنُ الْمُغِيرَةِ عَنْ ثَابِتٍ عَنْ أَنَسٍ قَالَنُهِينَا فِي الْقُرْآنِ أَنْ نَسْأَلَ النَّبِيَّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ عَنْ شَيْءٍ فَكَانَ يُعْجِبُنَا أَنْ يَجِيءَ الرَّجُلُ الْعَاقِلُ مِنْ أَهْلِ الْبَادِيَةِ فَيَسْأَلَهُ فَجَاءَ رَجُلٌ مِنْ أَهْلِ الْبَادِيَةِ فَقَالَ يَا مُحَمَّدُ أَتَانَا رَسُولُكَ فَأَخْبَرَنَا أَنَّكَ تَزْعُمُ أَنَّ اللَّهَ عَزَّ وَجَلَّ أَرْسَلَكَ قَالَ صَدَقَ قَالَ فَمَنْ خَلَقَ السَّمَاءَ قَالَ اللَّهُ قَالَ فَمَنْ خَلَقَ الْأَرْضَ قَالَ اللَّهُ قَالَ فَمَنْ نَصَبَ فِيهَا الْجِبَالَ قَالَ اللَّهُ قَالَ فَمَنْ جَعَلَ فِيهَا الْمَنَافِعَ قَالَ اللَّهُ قَالَ فَبِالَّذِي خَلَقَ السَّمَاءَ وَالْأَرْضَ وَنَصَبَ فِيهَا الْجِبَالَ وَجَعَلَ فِيهَا الْمَنَافِعَ آللَّهُ أَرْسَلَكَ قَالَ نَعَمْ قَالَ وَزَعَمَ رَسُولُكَ أَنَّ عَلَيْنَا خَمْسَ صَلَوَاتٍ فِي كُلِّ يَوْمٍ وَلَيْلَةٍ قَالَ صَدَقَ قَالَ فَبِالَّذِي أَرْسَلَكَ آللَّهُ أَمَرَكَ بِهَذَا قَالَ نَعَمْ قَالَ وَزَعَمَ رَسُولُكَ أَنَّ عَلَيْنَا زَكَاةَ أَمْوَالِنَا قَالَ صَدَقَ قَالَ فَبِالَّذِي أَرْسَلَكَ آللَّهُ أَمَرَكَ بِهَذَا قَالَ نَعَمْ قَالَ وَزَعَمَ رَسُولُكَ أَنَّ عَلَيْنَا صَوْمَ شَهْرِ رَمَضَانَ فِي كُلِّ سَنَةٍ قَالَ صَدَقَ قَالَ فَبِالَّذِي أَرْسَلَكَ آللَّهُ أَمَرَكَ بِهَذَا قَالَ نَعَمْ قَالَ وَزَعَمَ رَسُولُكَ أَنَّ عَلَيْنَا الْحَجَّ مَنْ اسْتَطَاعَ إِلَيْهِ سَبِيلًا قَالَ صَدَقَ قَالَ فَبِالَّذِي أَرْسَلَكَ آللَّهُ أَمَرَكَ بِهَذَا قَالَ نَعَمْ قَالَ فَوَالَّذِي بَعَثَكَ بِالْحَقِّ لَا أَزِيدَنَّ عَلَيْهِنَّ شَيْئًا وَلَا أَنْقُصُ فَلَمَّا وَلَّى قَالَ النَّبِيُّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ لَئِنْ صَدَقَ لَيَدْخُلَنَّ الْجَنَّةَ
Вайна [Мухьаммад бин МаӀмарна] хаам бина цо аьлла; дийцина вайга [Абу Ӏамир Аль-Ӏакъадига] цо аьлла; дийцина вайга [Сулайман бин Аль МугӀира] [Сабит] тӀера [Анас] тӀера цо аьлла; «Къуръан чохь вайна дихкина ду Пайхамаре саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам цхьана хӀуманах лаьцна хаттар. Юьртарчу бахархойх цхьа хьекъале стаг веана, цуьнга хаьттича, чӀогӀа цецвоккхур дара тхо. тӀаккха цхьан юьртахочо веана, аьлла; — ХӀай Мухьаммад, хьан элча веана тхуна, тӀаккха цо элира тхуна, хьо АллахӀ Азза ва Джалла ваийтина моьтту хьуна? цо жоп делира: «Нийса ду». Цо хаьттира; — ТӀаккха хьан кхоьллина стигал? Цо жоп делира: «АллахӀ». Цо хаьттира; — Хьан дӀахӀиттийна лаьмнаш? Цо жоп делира: «АллахӀ». Цо хаьттира; — Цу тӀехь тайп-тайпана пайданаш бинарг мила ву. Цо жоп делира: «АллахӀ». Цо хаьттира; «Стигланаш а, латта а кхоьллинчуьнца, лаьмнаш дӀахӀиттийначуьнца, царна чохь пайданаш кхоьллинчуьнца дуй буу, АллахӀа ваийтина хьо?» Цо жоп делира: «ХӀаъ». Цо хаьттира; — Ткъа хьан элчанна моьтту тхуна дийнахь а, буса а пхиъ ламаз дар декхарийлахь ду? Цо жоп делира: «Нийса ду». Цо хаьттира; «ТӀаккха хьо ваийтинчуьнца, АллахӀа тӀедиллина хьуна хӀара дан?» Цо жоп делира: «ХӀаъ». Цо хаьттира; — Хьан элчано вайн даьхни тӀера закат дала декхарийлахь лору? Цо жоп делира: «Нийса ду». Цо хаьттира; «Хьо ваийтинчуьнца, АллахӀа омра дина хьуна и де аьлла? Цо жоп делира: «ХӀаъ». Юха а хаьттира цо; «Ткъа хьан элчанна хӀора шарахь Рамадан баттахь марханаш кхабар тхуна тӀехь ду моьтту?» Цо жоп делира: «Нийса ду». Цо хаьттира; «ТӀаккха хьо ваийтинчуьнца, АллахӀа тӀедиллина хьуна хӀара дан?» Цо жоп делира: «ХӀаъ». Юха а хаьттира цо; — Ткъа сан элчано, некъ бан ницкъ кхочучунна тӀехь хьаж дар тхоьга декхарийлахь лору? Цо жоп делира: «Нийса ду». Цо хаьттира; «Хьо ваийтинчуьнца, АллахӀа омра дина хьуна хӀара дан?» Цо жоп делира: «ХӀаъ». Цо элира; — Хьо бакъдолчуьнца ваийтинчуьнца дуй буу ас, цу дерригенна тӀе цхьа йота а тӀетоьхна, лахдийр дац ас». Иза дӀаваханчул тӀаьхьа, Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам аьлла: «Бакъдолуш, иза нийса велахь, иза шеко йоцуш ялсамане гӀур ву».