Imam Malik : 41
حَدَّثَنِي يَحْيَى عَنْ مَالِك عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ عُمَارَةَ عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ إِبْرَاهِيمَ عَنْ أُمِّ وَلَدٍ لِإِبْرَاهِيمَ بْنِ عَبْدِ الرَّحْمَنِ بْنِ عَوْفٍ أَنَّهَا سَأَلَتْ أُمَّ سَلَمَةَ زَوْجَ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَقَالَتْإِنِّي امْرَأَةٌ أُطِيلُ ذَيْلِي وَأَمْشِي فِي الْمَكَانِ الْقَذِرِ قَالَتْ أُمُّ سَلَمَةَ قَالَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يُطَهِّرُهُ مَا بَعْدَهُ
Дийцархочо дуьйцу; дийцина соьга Яхья Маликера [Мухьаммад бин Ӏумарера] [Мухьаммад бин ИбрахӀимера] [ИбрахӀим бин Ӏабдуррахьман бин Ауфан ненах], цо хаьттира Умм Саламате, пайхамаран зудчуьнга саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам; — Со зуда ю, бедар еха а йолуш, боьхачу меттигашкахь лелаш а йолуш». ТӀаккха [Умм Саламата] жоп делира; Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам аьлла: «Цул тӀаьхьа чекхъяьллачу меттиго цӀанйийр ю иза».
Imam Malik : 42
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِكأَنَّهُ رَأَى رَبِيعَةَ بْنَ أَبِي عَبْدِ الرَّحْمَنِ يَقْلِسُ مِرَارًا وَهُوَ فِي الْمَسْجِدِ فَلَا يَنْصَرِفُ وَلَا يَتَوَضَّأُ حَتَّى يُصَلِّيَ
Дийцархочо дуьйцу; Малика дийцира соьга, шена [РабиӀат бин Абу Ӏабдуррахьман] маьждиг чохь волуш юх-юха а хьацар доккхуш гира шена, амма иза ара ца волуш, ламаз дина бен лийча а ца оьцуш.
Imam Malik : 43
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ نَافِعٍ أَنَّ عَبْدَ اللَّهِ بْنَ عُمَرَحَنَّطَ ابْنًا لِسَعِيدِ بْنِ زَيْدٍ وَحَمَلَهُ ثُمَّ دَخَلَ الْمَسْجِدَ فَصَلَّى وَلَمْ يَتَوَضَّأْ
Дийцархочо дуьйцу; дийцина соьга Маликера [НафиӀера]; Иза [ӀабдуллахӀ бин Ӏумара] СаӀид бин Заидан кӀентан дегӀа тӀе хаза хьожа йогӀу молха хьаькхна, цо а дӀакхоьхьуш хилла, тӀаккха маьждиг чу а вахана, ламаз дина цо, лийча а ца оьцуш.
Imam Malik : 44
حَدَّثَنِي يَحْيَى عَنْ مَالِك عَنْ زَيْدِ بْنِ أَسْلَمَ عَنْ عَطَاءِ بْنِ يَسَارٍ عَنْ عَبْدِ اللَّهِ بْنِ عَبَّاسٍأَنَّ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ أَكَلَ كَتِفَ شَاةٍ ثُمَّ صَلَّى وَلَمْ يَتَوَضَّأْ
Соьга дийцина, Яхья Маликера [Заид бин Аслам] [Ато` бин Ясар] [ӀабдуллахӀ бин Ӏаббаса], РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам кӀезан хьаж диъна тӀаккха ламаз дина, лийчар ца дина.
Imam Malik : 45
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ يَحْيَى بْنِ سَعِيدٍ عَنْ بُشَيْرِ بْنِ يَسَارٍ مَوْلَى بَنِي حَارِثَةَ عَنْ سُوَيْدِ بْنِ النُّعْمَانِ أَنَّهُ أَخْبَرَهُأَنَّهُ خَرَجَ مَعَ رَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ عَامَ خَيْبَرَ حَتَّى إِذَا كَانُوا بِالصَّهْبَاءِ وَهِيَ مِنْ أَدْنَى خَيْبَرَ نَزَلَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَصَلَّى الْعَصْرَ ثُمَّ دَعَا بِالْأَزْوَادِ فَلَمْ يُؤْتَ إِلَّا بِالسَّوِيقِ فَأَمَرَ بِهِ فَثُرِّيَ فَأَكَلَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَأَكَلْنَا ثُمَّ قَامَ إِلَى الْمَغْرِبِ فَمَضْمَضَ وَمَضْمَضْنَا ثُمَّ صَلَّى وَلَمْ يَتَوَضَّأْ
Дийцархочо дуьйцу; дийцина соьга Маликера [Яхья бин СаӀидера] [Бусяйр бин Ясарера] Бани Харицан лай хиллачу, [Сувайд бин Ан НуӀманера], цо шега хаам бина хилар, ша РасулуллахӀаца араваьлла хилла хилар Хайбаран тӀамехь, уьш ШахбалахӀ РасуллахӀ шахӀаба меттигехь болчу хенахь, а ӀалайхӀи васаллам сецна аср ламаз дира, цул тӀаьхьа сурсаташ дийхира цо, амма савикъ доцург хӀумма а ца карийра цо, цундела хица хьакха аьлла омра дира цо. ТӀаккха РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам диира иза, оха а диира иза. Цул тӀаьхьа малхбузехьа хьала а гӀаьттина, шен багахь гаргар йира цо, ткъа оха а тхайн бага йилира, тӀаккха ламаз дира, лийчар а ца деш.
Imam Malik : 46
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ الْمُنْكَدِرِ وَعَنْ صَفْوَانَ بْنِ سُلَيْمٍ أَنَّهُمَا أَخْبَرَاهُ عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ إِبْرَاهِيمَ بْنِ الْحَارِثِ التَّيْمِيِّ عَنْ رَبِيعَةَ بْنِ عَبْدِ اللَّهِ بْنِ الْهُدَيْرِأَنَّهُ تَعَشَّى مَعَ عُمَرَ بْنِ الْخَطَّابِ ثُمَّ صَلَّى وَلَمْ يَتَوَضَّأْ
Дийцархочо дуьйцу; дийцина соьга [Мухьаммад бин Аль-Мункадирера] Маликера а, [Шафван бин Сулаймера] а шиммо а дийцина соьга [Мухьаммад бин ИбрахӀим бин Аль-Хьариц Ат Таймиера] [РабиӀат бин ӀабдуллахӀ бин Аль-Хьудайрера], ша [Ӏумар бин Хатхабца] делкъан кхача биъна хилар а, тӀаккха ламаз ца дина аьлла.
Imam Malik : 47
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ ضَمْرَةَ بْنِ سَعِيدٍ الْمَازِنِيِّ عَنْ أَبَانَ بْنِ عُثْمَانَأَنَّ عُثْمَانَ بْنَ عَفَّانَ أَكَلَ خُبْزًا وَلَحْمًا ثُمَّ مَضْمَضَ وَغَسَلَ يَدَيْهِ وَمَسَحَ بِهِمَا وَجْهَهُ ثُمَّ صَلَّى وَلَمْ يَتَوَضَّأْ
Дийцархочо дуьйцу; дийцина соьга [Дламра бин СаӀид Аль Мазини] [Абан бин Ӏусман] тӀера Маликера, [Ӏусман бин Ӏаффана] бепиг а, жижиг а диъна, тӀаккха бага дӀа а йиттина, куьйгаш дилина, юьхь дӀа а йиттина, тӀаккха ламаз а дина, лийчар ца дина аьлла.
Imam Malik : 48
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ يَحْيَى بْنِ سَعِيدٍ أَنَّهُ سَأَلَ عَبْدَ اللَّهِ بْنَ عَامِرِ بْنِ رَبِيعَةَعَنْ الرَّجُلِ يَتَوَضَّأُ لِلصَّلَاةِ ثُمَّ يُصِيبُ طَعَامًا قَدْ مَسَّتْهُ النَّارُ أَيَتَوَضَّأُ قَالَ رَأَيْتُ أَبِي يَفْعَلُ ذَلِكَ وَلَا يَتَوَضَّأُ
Дийцархочо дуьйцу; дийцина соьга [Яхья бин СаӀидера] Маликера, цо [ӀабдуллахӀ бин Ӏамир бин РабиӀате] ламазна лийчар диначу стагах лаьцна хаьттина, тӀаккха цо цӀе хьакхаелла юург йиъна, юха лийчар дина цо?' -ӀабдуллахӀ бин Ӏамир бин РабиӀата- жоп делла; «Суна гира [сан да] иштта лелош, цо лийчар ца дира».
Imam Malik : 49
و حَدَّثَنِي يَحْيَى عَنْ مَالِك عَنْ أَبِي نُعَيْمٍ وَهْبِ بْنِ كَيْسَانَ أَنَّهُ سَمِعَ جَابِرَ بْنَ عَبْدِ اللَّهِ الْأَنْصَارِيَّ يَقُولُ رَأَيْتُ أَبَا بَكْرٍ الصِّدِّيقَأَكَلَ لَحْمًا ثُمَّ صَلَّى وَلَمْ يَتَوَضَّأْ
Дийцархочо дуьйцу; дийцина соьга Яхья Маликера [Абу НуӀаим Вахаб бин Къайсанера] шена хезна [Джабир бин ӀабдуллахӀ Аль Ансарис] олуш; «Суна гира [Абу Бакар Ас Сиддикъ] мах бууш, тӀаккха ламаз деш, лийчар ца деш».
Imam Malik : 50
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ الْمُنْكَدِرِأَنَّ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ دُعِيَ لِطَعَامٍ فَقُرِّبَ إِلَيْهِ خُبْزٌ وَلَحْمٌ فَأَكَلَ مِنْهُ ثُمَّ تَوَضَّأَ وَصَلَّى ثُمَّ أُتِيَ بِفَضْلِ ذَلِكَ الطَّعَامِ فَأَكَلَ مِنْهُ ثُمَّ صَلَّى وَلَمْ يَتَوَضَّأْ
Дийцархочо дуьйцу; [Мухьаммад бин Аль-Мункадирера] Маликера дийцина соьга, РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам яа хӀума яа кхайкхина хилла, тӀаккха цунна хьалха бепиг а, жижиг а делира, тӀаккха цо иза диъна, тӀаккха лийча а дина, ламаз а дина, тӀаккха йисина юург елла, цо иза йиъна, тӀаккха ламаз ца дина.
Imam Malik : 51
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ مُوسَى بْنِ عُقْبَةَ عَنْ عَبْدِ الرَّحْمَنِ بْنِ يَزِيدَ الْأَنْصَارِيِّ أَنَّ أَنَسَ بْنَ مَالِكٍقَدِمَ مِنْ الْعِرَاقِ فَدَخَلَ عَلَيْهِ أَبُو طَلْحَةَ وَأُبَيُّ بْنُ كَعْبٍ فَقَرَّبَ لَهُمَا طَعَامًا قَدْ مَسَّتْهُ النَّارُ فَأَكَلُوا مِنْهُ فَقَامَ أَنَسٌ فَتَوَضَّأَ فَقَالَ أَبُو طَلْحَةَ وَأُبَيُّ بْنُ كَعْبٍ مَا هَذَا يَا أَنَسُ أَعِرَاقِيَّةٌ فَقَالَ أَنَسٌ لَيْتَنِي لَمْ أَفْعَلْ وَقَامَ أَبُو طَلْحَةَ وَأُبَيُّ بْنُ كَعْبٍ فَصَلَّيَا وَلَمْ يَتَوَضَّآَ
Дийцархочо дуьйцу; Малика дийцира соьга [Муса бин Укъбах] [Ӏабдуррахьман бин Язид Аль Ансарига], [Анас бин Малик] Иракъера веана хилар, тӀаккха Абу ТӀалхьа а, Убай бин КаӀаб а цуьнга хьошалгӀа баьхкина хилар, Анаса иштта царна цӀергахь кечйина юург елла, цара массара а и юург йиъна. ТӀаккха Анас хьала а гӀаьттина лийчар дира, тӀаккха [Абу ТӀалхьас] а, [Убай бин КаӀаба] а хаьттира цуьнга; — ХӀара хӀун ду, Анас, иракъхойн Ӏадат дуй хӀара? Анас бин Малик аьлла; — Ас ца дича дика хир дара. тӀаккха Абу ТӀалхьа а, Убай бин КаӀаб а хьала а гӀаьттина, шинне а ламаз дира, лийчар доцуш.
Imam Malik : 52
حَدَّثَنِي يَحْيَى عَنْ مَالِك عَنْ هِشَامِ بْنِ عُرْوَةَ عَنْ أَبِيهِأَنَّ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ سُئِلَ عَنْ الْاسْتِطَابَةِ فَقَالَ أَوَلَا يَجِدُ أَحَدُكُمْ ثَلَاثَةَ أَحْجَارٍ
Соьга дийцина, [шен ден] [Хьисям бин Урвах] Маликера Яхья, РасулуллахӀ саллаллохӀу ӀалайхӀи васаллам цкъа хаьттира иститӀабах лаьцна -хьаьвш а даьлла, хьацар даьллачул тӀаьхьа боьхаллех цӀанваларх лаьцна-, тӀаккха цо элира; — Кхо тӀулг ца кхаьчна шуна, кӀентий.
Imam Malik : 53
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ الْعَلَاءِ بْنِ عَبْدِ الرَّحْمَنِ عَنْ أَبِيهِ عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَأَنَّ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ خَرَجَ إِلَى الْمَقْبُرَةِ فَقَالَ السَّلَامُ عَلَيْكُمْ دَارَ قَوْمٍ مُؤْمِنِينَ وَإِنَّا إِنْ شَاءَ اللَّهُ بِكُمْ لَاحِقُونَ وَدِدْتُ أَنِّي قَدْ رَأَيْتُ إِخْوَانَنَا فَقَالُوا يَا رَسُولَ اللَّهِ أَلَسْنَا بِإِخْوَانِكَ قَالَ بَلْ أَنْتُمْ أَصْحَابِي وَإِخْوَانُنَا الَّذِينَ لَمْ يَأْتُوا بَعْدُ وَأَنَا فَرَطُهُمْ عَلَى الْحَوْضِ فَقَالُوا يَا رَسُولَ اللَّهِ كَيْفَ تَعْرِفُ مَنْ يَأْتِي بَعْدَكَ مِنْ أُمَّتِكَ قَالَ أَرَأَيْتَ لَوْ كَانَ لِرَجُلٍ خَيْلٌ غُرٌّ مُحَجَّلَةٌ فِي خَيْلٍ دُهْمٍ بُهْمٍ أَلَا يَعْرِفُ خَيْلَهُ قَالُوا بَلَى يَا رَسُولَ اللَّهِ قَالَ فَإِنَّهُمْ يَأْتُونَ يَوْمَ الْقِيَامَةِ غُرًّا مُحَجَّلِينَ مِنْ الْوُضُوءِ وَأَنَا فَرَطُهُمْ عَلَى الْحَوْضِ فَلَا يُذَادَنَّ رِجَالٌ عَنْ حَوْضِي كَمَا يُذَادُ الْبَعِيرُ الضَّالُّ أُنَادِيهِمْ أَلَا هَلُمَّ أَلَا هَلُمَّ أَلَا هَلُمَّ فَيُقَالُ إِنَّهُمْ قَدْ بَدَّلُوا بَعْدَكَ فَأَقُولُ فَسُحْقًا فَسُحْقًا فَسُحْقًا
Дийцархочо дуьйцу; дийцина соьга Маликера [Ал-ӀалаӀ бин Ӏабдуррахьманера] [шен дега] [Абу ХӀурайрера]; РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам кешнашка аравелира тӀаккха цо дешна; '-КӀелхьардовлар шуна, хӀай муъма нехан кешнаш дӀалаьцнарш. АллахӀана мукълахь тхо шуна тӀаьхьадогӀур ду. - Суна чӀогӀа лаьа вайн вежарийн ган. Цундела доттагӀаша хаьттира; «ХӀай Делан Элча, хьан вежарий бац тхо?» Цо жоп делира: «ХӀетте а шу сан доттагӀий бу, амма сан вежарий тӀаьхьа богӀур бу, ас Ӏам йистехь цаьрга хьоьжуш хилча» аьлла цара; «ХӀай Делан Элча, хьайн къомах хьайна тӀаьхьа баьхкина халкъ муха девзар ду хьуна?». РасулуллахӀа жоп делла: «ХӀун аьлла хета хьуна, Ӏаьржачу говрашна юкъахь сирла кӀайн говр йолуш стаг хилча, цунна иза хууш хир дацара?» цара жоп делира; «ХӀаъ, бакъ ду, хӀай Делан Элча». Цо элира: «Баккъал а, уьш богӀур бу къематан дийнахь лийчар бахьанехь кӀайн къегаш, ас маршалла тӀеоьцур бу уьш Ӏам тӀе». Цхьа а Сайн Ӏам чуьра ара ца ваккхархьама, дӀасалела эмкал санна, Ас кхойкху цаьрга; — Схьавола кхуза, схьавола кхуза! схьавола кхуза! — цӀеххьана цхьаммо бехк баьккхира; «Бакъдолуш, цара шайн дин хийцина хьо велча» цундела ас элира; 'Генахь Ӏе, генахь Ӏе, генахь Ӏе''.
Imam Malik : 54
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ هِشَامِ بْنِ عُرْوَةَ عَنْ أَبِيهِ عَنْ حُمْرَانَ مَوْلَى عُثْمَانَ بْنِ عَفَّانَ أَنَّ عُثْمَانَ بْنَ عَفَّانَجَلَسَ عَلَى الْمَقَاعِدِ فَجَاءَ الْمُؤَذِّنُ فَآذَنَهُ بِصَلَاةِ الْعَصْرِ فَدَعَا بِمَاءٍ فَتَوَضَّأَ ثُمَّ قَالَ وَاللَّهِ لَأُحَدِّثَنَّكُمْ حَدِيثًا لَوْلَا أَنَّهُ فِي كِتَابِ اللَّهِ مَا حَدَّثْتُكُمُوهُ ثُمَّ قَالَ سَمِعْتُ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ يَقُولُ مَا مِنْ امْرِئٍ يَتَوَضَّأُ فَيُحْسِنُ وُضُوءَهُ ثُمَّ يُصَلِّي الصَّلَاةَ إِلَّا غُفِرَ لَهُ مَا بَيْنَهُ وَبَيْنَ الصَّلَاةِ الْأُخْرَى حَتَّى يُصَلِّيَهَاقَالَ يَحْيَى قَالَ مَالِك أُرَاهُ يُرِيدُ هَذِهِ الْآيَةَ{ أَقِمْ الصَّلَاةَ طَرَفَيْ النَّهَارِ وَزُلَفًا مِنْ اللَّيْلِ إِنَّ الْحَسَنَاتِ يُذْهِبْنَ السَّيِّئَاتِ ذَلِكَ ذِكْرَى لِلذَّاكِرِينَ }
Соьга дийцина [Хьисам бин УрвахӀера] Маликера [шен дас] [Хьумранера] Ӏусман бин Ӏаффанан лай волчуьра, [Ӏусман бин Ӏаффан] гӀанта тӀехь хиъна Ӏаш вара, тӀаккха цхьа муэздзин веара, делкъа ламазе кхайкха дагахь вара иза. Цундела цо хи дехна тӀаккха лийчар дина, цул тӀаьхьа цо элира; «ВаллахӀи, ас хӀун дуьйцур ду хьуна, хӀара АллахӀан жайни тӀехь ца хиллехьара, ас дуьйцур дацара». ТӀаккха цо элира; Делан Элчано (Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна) олуш хезира суна: «Стага ма-деззара гӀуду а дина, цул тӀаьхьа ламаз эцар дац, амма цу ламазна а, кхин ламаз дечу хенана а юккъехь цо летийна долу къинош гечдийр ду», - аьлла Яхьяс; Малика аьлар; Суна хетарехь, цо бохург хӀокху аятан маьӀна дара; — Ламаз дийнан шина а агӀор - Ӏуьйранна а, суьйранна а - буьйсанан юьххьехь а де ахь. Дикачу Ӏамалша вочу Ӏамалийн къинош дӀадоху. Иза дагадогӀучарна кхерам бу».
Imam Malik : 55
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ زَيْدِ بْنِ أَسْلَمَ عَنْ عَطَاءِ بْنِ يَسَارٍ عَنْ عَبْدِ اللَّهِ الصُّنَابِحِيِّأَنَّ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ قَالَ إِذَا تَوَضَّأَ الْعَبْدُ الْمُؤْمِنُ فَتَمَضْمَضَ خَرَجَتْ الْخَطَايَا مِنْ فِيهِ وَإِذَا اسْتَنْثَرَ خَرَجَتْ الْخَطَايَا مِنْ أَنْفِهِ فَإِذَا غَسَلَ وَجْهَهُ خَرَجَتْ الْخَطَايَا مِنْ وَجْهِهِ حَتَّى تَخْرُجَ مِنْ تَحْتِ أَشْفَارِ عَيْنَيْهِ فَإِذَا غَسَلَ يَدَيْهِ خَرَجَتْ الْخَطَايَا مِنْ يَدَيْهِ حَتَّى تَخْرُجَ مِنْ تَحْتِ أَظْفَارِ يَدَيْهِ فَإِذَا مَسَحَ بِرَأْسِهِ خَرَجَتْ الْخَطَايَا مِنْ رَأْسِهِ حَتَّى تَخْرُجَ مِنْ أُذُنَيْهِ فَإِذَا غَسَلَ رِجْلَيْهِ خَرَجَتْ الْخَطَايَا مِنْ رِجْلَيْهِ حَتَّى تَخْرُجَ مِنْ تَحْتِ أَظْفَارِ رِجْلَيْهِ قَالَ ثُمَّ كَانَ مَشْيُهُ إِلَى الْمَسْجِدِ وَصَلَاتُهُ نَافِلَةً لَهُ
Иза суна дийцина Маликера [Заид бин Асламера] [Ӏатхо` бин Ясар]ера [ӀабдуллахӀ ШунабихӀи]; Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам аьлла: «Муъма стага лийчар дича, шен бага йилича, цуьнан багара къинош дӀадовлу». Нагахь санна цо шен ност чу диллина хи дӀатоьхча, тӀаккха цуьнан ност чуьра къинош дӀадовлу, нагахь санна цо шен юьхь йилича, тӀаккха цуьнан юьхь тӀера а, ур-атталла цуьнан бӀаьргийн негӀарш тӀера а къинош дӀадовлу. Нагахь цо шен куьйгаш дилича, къинош цуьнан куьйгаш тӀера мекхашна тӀекхаччалц дӀадовлу; нагахь цо шен корта дӀабаккхахь, къинош цуьнан коьртара а, лергаш чуьра а дӀадовлу. Нагахь санна цо шен когаш билича, къинош цуьнан когаш тӀера дӀадовлу, уьш цуьнан мекхашна кӀелара дӀадовллалц'. Цо элира: «Цуьнан маьждиге лелар а, цуьнан ламазаш а тӀетоьхна ду цунна».
Imam Malik : 56
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ سُهَيْلِ بْنِ أَبِي صَالِحٍ عَنْ أَبِيهِ عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَأَنَّ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ قَالَ إِذَا تَوَضَّأَ الْعَبْدُ الْمُسْلِمُ أَوْ الْمُؤْمِنُ فَغَسَلَ وَجْهَهُ خَرَجَتْ مِنْ وَجْهِهِ كُلُّ خَطِيئَةٍ نَظَرَ إِلَيْهَا بِعَيْنَيْهِ مَعَ الْمَاءِ أَوْ مَعَ آخِرِ قَطْرِ الْمَاءِ فَإِذَا غَسَلَ يَدَيْهِ خَرَجَتْ مِنْ يَدَيْهِ كُلُّ خَطِيئَةٍ بَطَشَتْهَا يَدَاهُ مَعَ الْمَاءِ أَوْ مَعَ آخِرِ قَطْرِ الْمَاءِ فَإِذَا غَسَلَ رِجْلَيْهِ خَرَجَتْ كُلُّ خَطِيئَةٍ مَشَتْهَا رِجْلَاهُ مَعَ الْمَاءِ أَوْ مَعَ آخِرِ قَطْرِ الْمَاءِ حَتَّى يَخْرُجَ نَقِيًّا مِنْ الذُّنُوبِ
Суна дийцина Маликера [Сухьайл бин Абу СалихӀ] [шен дас] [Абу ХӀурайра] тӀера, АллахӀан элчано аьлла: «Бусалба лай я муъма стаг лийчар дича, тӀаккха цо шен юьхь йилича, хӀора гӀалат арадер ду цуьнан юьхь тӀера тӀаьххьарчу шина бӀаьргаца, цо гуш долу, лийчаран хи. Нагахь санна цо куьйгаш дилича, летийна къинош тӀаьххьара лийчаран хин тӀадамашца арадовлу. Нагахь санна цо шен когаш билича, тӀаккха цара ког баьккхина къинош лийчаран хин тӀаьххьарчу тӀадамашца арадовлу, иза шен къинойх цӀена аравалалц'.
Imam Malik : 57
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ إِسْحَقَ بْنِ عَبْدِ اللَّهِ بْنِ أَبِي طَلْحَةَ عَنْ أَنَسِ بْنِ مَالِكٍ أَنَّهُ قَالَرَأَيْتُ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَحَانَتْ صَلَاةُ الْعَصْرِ فَالْتَمَسَ النَّاسُ وَضُوءًا فَلَمْ يَجِدُوهُ فَأُتِيَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ بِوَضُوءٍ فِي إِنَاءٍ فَوَضَعَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فِي ذَلِكَ الْإِنَاءِ يَدَهُ ثُمَّ أَمَرَ النَّاسَ يَتَوَضَّئُونَ مِنْهُ قَالَ أَنَسٌ فَرَأَيْتُ الْمَاءَ يَنْبُعُ مِنْ تَحْتِ أَصَابِعِهِ فَتَوَضَّأَ النَّاسُ حَتَّى تَوَضَّئُوا مِنْ عِنْدِ آخِرِهِمْ
Соьга дийцина Маликера [Исхьакъ бин ӀабдуллахӀ бин Абу ТӀалхьа] [Анас бин Малик] аьлла; Суна гира РасулуллахӀ шаллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам аср ламазан хан кхаьчча, нах лийча хи лоьхуш хилча цаьрга ца кхаьчна. Цул тӀаьхьа Пайхамарна саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам лийчаран хи пхьегӀа чохь делира цо. Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам шен куьг пхьегӀа чу диллина, тӀаккха нахе омра дина пхьегӀа тӀера лийчар аьлла. Анас элира; — Цуьнан пӀелгашна кӀелара хи арадолуш гира суна, тӀаккха наха цуьнгара лийчар дира, тӀаьххьарниг хӀинца а лийчар дан ницкъ кхочуш хиллалц.
Imam Malik : 58
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ نُعَيْمِ بْنِ عَبْدِ اللَّهِ الْمَدَنِيِّ الْمُجْمِرِ أَنَّهُ سَمِعَ أَبَا هُرَيْرَةَ يَقُولُمَنْ تَوَضَّأَ فَأَحْسَنَ وُضُوءَهُ ثُمَّ خَرَجَ عَامِدًا إِلَى الصَّلَاةِ فَإِنَّهُ فِي صَلَاةٍ مَا دَامَ يَعْمِدُ إِلَى الصَّلَاةِ وَإِنَّهُ يُكْتَبُ لَهُ بِإِحْدَى خُطْوَتَيْهِ حَسَنَةٌ وَيُمْحَى عَنْهُ بِالْأُخْرَى سَيِّئَةٌ فَإِذَا سَمِعَ أَحَدُكُمْ الْإِقَامَةَ فَلَا يَسْعَ فَإِنَّ أَعْظَمَكُمْ أَجْرًا أَبْعَدُكُمْ دَارًا قَالُوا لِمَ يَا أَبَا هُرَيْرَةَ قَالَ مِنْ أَجْلِ كَثْرَةِ الْخُطَا
Суна [НуӀайм бин ӀабдуллахӀ Аль Мадани Аль Муджмирера] Маликера дийцина, цунна [Абу ХӀурайрас] олуш хезна аьлла; — Шен ламаз чекх а даьккхина, тӀаккха леррина ламаз дан араваьлларг, тӀаккха иза ламазехь лоруш ву, иза ламазехь шен тидам тӀебахийтичахьана. Баккъалла а, цунна яздина ду иза, хӀора гӀулча тӀера цхьа дика хӀума схьаоьцуш, цхьа вониг дӀадоккхуш цуьнца цхьаьна. Нагахь санна шух цхьанна икъамат хезча, амма иза ца вахахь, тӀаккха уггар дукха ял йолуш верг цӀенна уггар генахь верг хир ву, – хаьттира цара; — ХӀунда, хӀай Абу ХӀурайра? цо жоп делира; — Дукха гӀулчаш яхар бахьана долуш.
Imam Malik : 59
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ يَحْيَى بْنِ سَعِيدٍ أَنَّهُ سَمِعَ سَعِيدَ بْنَ الْمُسَيَّبِيُسْأَلُ عَنْ الْوُضُوءِ مِنْ الْغَائِطِ بِالْمَاءِ فَقَالَ سَعِيدٌ إِنَّمَا ذَلِكَ وُضُوءُ النِّسَاءِ
Хьад дийцина хилла соьга Маликера [Яхья бин СаӀидера]; шена [СаӀид бин Мусайяба] хьацар дӀадаьккхинчул тӀаьхьа хица лийчарх лаьцна хаьттина хезна хилар, цундела СаӀида жоп делла; «Бакъдолуш, хӀара зударийн лийчар ду».
Imam Malik : 60
و حَدَّثَنِي عَنْ مَالِك عَنْ أَبِي الزِّنَادِ عَنْ الْأَعْرَجِ عَنْ أَبِي هُرَيْرَةَأَنَّ رَسُولَ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ قَالَ إِذَا شَرِبَ الْكَلْبُ فِي إِنَاءِ أَحَدِكُمْ فَلْيَغْسِلْهُ سَبْعَ مَرَّاتٍ
Суна [Абу Аз Зинадера] [Ал-АӀражера] [Абу ХӀурайратера] Маликера дийцина, АллахӀан элчано аьлла: «Нагахь санна шух цхьаннан пхьегӀа жӀаьло лецахь, аша иза ворхӀазза йила».