Para Malaikat senantiasa terus menaungi syahid dengan sayap-sayap mereka
Imam Muslim : 4518
حَدَّثَنَا مُحَمَّدُ بْنُ الْمُثَنَّى حَدَّثَنَا وَهْبُ بْنُ جَرِيرٍ حَدَّثَنَا شُعْبَةُ عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ الْمُنْكَدِرِ عَنْ جَابِرِ بْنِ عَبْدِ اللَّهِ قَالَ أُصِيبَ أَبِي يَوْمَ أُحُدٍ فَجَعَلْتُ أَكْشِفُ الثَّوْبَ عَنْ وَجْهِهِ وَأَبْكِي وَجَعَلُوا يَنْهَوْنَنِي وَرَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ لَا يَنْهَانِي قَالَ وَجَعَلَتْ فَاطِمَةُ بِنْتُ عَمْرٍو تَبْكِيهِ فَقَالَ رَسُولُ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ تَبْكِيهِ أَوْ لَا تَبْكِيهِ مَا زَالَتْ الْمَلَائِكَةُ تُظِلُّهُ بِأَجْنِحَتِهَا حَتَّى رَفَعْتُمُوهُ حَدَّثَنَا عَبْدُ بْنُ حُمَيْدٍ حَدَّثَنَا رَوْحُ بْنُ عُبَادَةَ حَدَّثَنَا ابْنُ جُرَيْجٍ ح و حَدَّثَنَا إِسْحَقُ بْنُ إِبْرَاهِيمَ أَخْبَرَنَا عَبْدُ الرَّزَّاقِ حَدَّثَنَا مَعْمَرٌ كِلَاهُمَا عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ الْمُنْكَدِرِ عَنْ جَابِرٍ بِهَذَا الْحَدِيثِ غَيْرَ أَنَّ ابْنَ جُرَيْجٍ لَيْسَ فِي حَدِيثِهِ ذِكْرُ الْمَلَائِكَةِ وَبُكَاءُ الْبَاكِيَةِ حَدَّثَنَا مُحَمَّدُ بْنُ أَحْمَدَ بْنِ أَبِي خَلَفٍ حَدَّثَنَا زَكَرِيَّاءُ بْنُ عَدِيٍّ أَخْبَرَنَا عُبَيْدُ اللَّهِ بْنُ عَمْرٍو عَنْ عَبْدِ الْكَرِيمِ عَنْ مُحَمَّدِ بْنِ الْمُنْكَدِرِ عَنْ جَابِرٍ قَالَ جِيءَ بِأَبِي يَوْمَ أُحُدٍ مُجَدَّعًا فَوُضِعَ بَيْنَ يَدَيْ النَّبِيِّ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ فَذَكَرَ نَحْوَ حَدِيثِهِمْ
Дийцина вайга [Мухьаммад бин Аль Муцанна]; Цо дийцина тхуна [ВахӀб бин Джарире]; Тхуна [Мухьаммад бин Ал-Мункадир] [Джабир бин ӀабдиллахӀ] тӀера [СюӀба] дийцина цо элира; — Сан да Ухьудехь тӀамехь вийна, цундела цуьнан юьхь дӀахьулйина йолу бедарш дӀа а яьхна, йилхира со. Асхьабаша дихкина суна велхар, амма Пайхамара саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам ца дихкина суна. Жабира элира; — ФатӀимат бинт Ӏамр цунна елха а йоьлхуш. тӀаккха РасулуллахӀ саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллама аьлла: «Маликаша шайн тӀемашца дӀакъовлур ву хьо, ахь уьш хьалаайдаллалц, хьо царна велхахь а, ца велхахь а». Цо дийцина тхуна [Ӏабад бин Хьумайда]; Цо дийцина тхуна [Рохь бин Ӏубадата]; Цо дийцина тхуна [Ибн Джурайжас]; Иштта кхечу некъа тӀера дийцина ду, Цо дийцина вайга [Исхьакъ бин ИбрахӀиме]; Хаам бина тхуна [Ӏабдур-Раззакъа]; [Мухьаммад бин Аль-Мункадир] [Джабир] тӀера ший а дийцина тхуна [МаӀмара] хӀокху хьадисца. Амма Ибн Журайджас шен хьадисехь ца хьахийна малийкаш а, шена тӀехула дилхина нах а. Цо дийцина вайга [Мухьаммад бин Ахьмад бин Абу Халаф]; Цо дийцина тхуна [Закари бин Ӏадис]; Тхоьга [ӀубайдуллахӀ бин Ӏамру] а, [Ӏабдул-Карим] а [Мухьаммад бин Аль-Мункадир] [Джабирера] хаам а бина, цо элира; Ухьудехь тӀом боьдуш сан да меженаш дӀа а яьхна схьавалийна, тӀаккха Пайхамарна хьалха хӀоттийна саллаллахӀу ӀалайхӀи васаллам - иштта кхидӀа а цунах тера хьадис а долуш.