Allah adalah tuhan yang menguasai waktu subuh
Imam Nasa'i : 5335
أَخْبَرَنَا مُحَمَّدُ بْنُ عَلِيٍّ قَالَ حَدَّثَنِي الْقَعْنَبِيُّ عَنْ عَبْدِ الْعَزِيزِ عَنْ عَبْدِ اللَّهِ بْنِ سُلَيْمَانَ عَنْ مُعَاذِ بْنِ عَبْدِ اللَّهِ بْنِ خُبَيْبٍ عَنْ أَبِيهِ عَنْ عُقْبَةَ بْنِ عَامِرٍ الْجُهَنِيِّ قَالَبَيْنَا أَنَا أَقُودُ بِرَسُولِ اللَّهِ صَلَّى اللَّهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ رَاحِلَتَهُ فِي غَزْوَةٍ إِذْ قَالَ يَا عُقْبَةُ قُلْ فَاسْتَمَعْتُ ثُمَّ قَالَ يَا عُقْبَةُ قُلْ فَاسْتَمَعْتُ فَقَالَهَا الثَّالِثَةَ فَقُلْتُ مَا أَقُولُ فَقَالَ قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ فَقَرَأَ السُّورَةَ حَتَّى خَتَمَهَا ثُمَّ قَرَأَ قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ الْفَلَقِ وَقَرَأْتُ مَعَهُ حَتَّى خَتَمَهَا ثُمَّ قَرَأَ قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ فَقَرَأْتُ مَعَهُ حَتَّى خَتَمَهَا ثُمَّ قَالَ مَا تَعَوَّذَ بِمِثْلِهِنَّ أَحَدٌ
Вайна [Мухьаммад бин Ӏали] хаам бина цо аьлла; дийцина соьга [Ал-КъаӀнабис] [Ӏабдул-Ӏазизера] [ӀабдуллахӀ бин Сулайманера] [МуӀаз бин ӀабдуллахӀ бин Хубайбера] [Шен дас] [Ӏукъба бин Амир Аль-ДжухӀанига] цо аьлла; — Пайхамаран саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам тӀамехь машен хьалха а йоккхуш, цо элира: «ХӀай Ӏукъба, ала иза!» Ас тӀаккха лергаш нисдира. ТӀаккха цо элира: «ХӀай Ӏукъба, алахьа иза!». Ас тӀаккха лергаш нисдира. Иза кхузза элира цо. Цундела ас хаьттира; — ХӀун ала деза? цо жоп делира: «КъУЛ ХЬУВААЛЛАХӀУ АХЬАД -Ала: «Иза ву, нуьцкъала волу АллахӀ-» тӀаккха цо иза дешна, иза чекхдаллалц. ТӀаккха цо дешна «КъУЛ АУУДЗУ БИРАББИЛ ФАЛАКЪ» - Ахь ала: «Со ларло Ӏуьйренна тӀехь урхалла деш волчу Деле - цо тӀаккха дешна иза чекхдаллалц». ТӀаккха цо дешна 'КъУЛ АУУДЗУ БИРАББИННАС -Ала: "Адамалла ларъеш а, Ӏуналла деш а волчу Делах ларло со-' цундела ас цуьнца цхьаьна дешна иза чекхдаллалц. Цул тӀаьхьа цо элира: «Стагана цу элпашца нийса ларам хир бац-».